3 эзар гергга мотт юкъара дIабала тарло

Тахана, дуьнен тIехь 7 эзар гергга мотт бу. Бакъду, царах 100 гергга мотт бен адамаша къамел деш, даима пайдаоьцуш бац. Дерриге а меттанех ах меттанаш 10 эзар стага бен пайдаоьцуш бац. Иштта, 199 мотт бу, иттех стага бен шайх пайдаоьцуш а боцуш.

Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн организацис, меттанаша дешаран а, Iилманан а, культурин а дакъошкахь лелочу маьIнин мах а хадийна, дIакхайкхийна хIокху бIешеран чакххенехь, дуьнен тIехь долчу меттанех ах сов меттанаш юкъара дIадевриг хилар.

Халахеташ делахь а, дуьнен тIера 2 000 сов мотт буьйцуш цхьа эзар а, цул лахара а нах бен бац. Царах дукхахдерш Амазонка хин а, Африкин а, Австралин а, Азин а йовхачу (тропикин) хьаннаш а санна йолчу, дуьненан уггаре генарчу регионийн бахархойн меттанаш ду. Бакъду, яккхийчу гIаланашкахь бехачу нехан цхьадолу меттанаш а ду юкъара дIадовларна кхерам болуш.

Уьш, дукха хьолахь, оцу мехкашкахь дуьххьара даьхна долчу къаьмнийн меттанаш ду.

ХIун бахьана ду таханлерчу дийнахь меттанаш юкъара дIадовларан? Оцу хаттарна жоп дала хала дац – интернетан тIеIаткъам.

Вайна ма-хаъара, тахана дуьненахь кхузаманан хаамийн мур бу, ингалсан мотт интернетан мотт хилла дIахIоьттина, цундела дукхахдолчу меттанех пайдаэцаре хьашт дац.

Талламхоша дийцарехь, интернета чохь, шайн меттанех пайдаэцар лахдалар а, дукха хьолахь, масех маттахь бен къамел дан, хаамаш дIакхачо хьашто цахилар а ду меттанаш юкъара дIадовларан коьртачу бахьанех цхьаъ. Дуьненан экономикехь шаьш довзийта а, кхиамаш баха а луучарна ингалсан мотт санна баьржина мотт Iамийчахьана кхачаме ду.

Меттанаш юкъара дIадовларан бахьанех цхьа бахьана ду интернет. Делахь а, цхьаболчу талламхошна хетарехь, нийса, эца ма-беззара пайдаэцчахьана, интернетах мотт хьалдолуш хилар гойтуш, иза цIинбеш болу гIирс хир бу. Масала, чинахойн мотт (путунхуа) сетехь шен гIарабаларца шолгIачу меттехь (ингалсан маттал тIаьхьа) бу хIинца, цул тIаьхьа догIу испанхойн а, японийн а, французийн а меттанаш.

Иштта, интернето дуккха а нехан аьтто бина шайн меттанех долу хаарш, зеделларг, хьалха ца хиллачу кепара, шуьйрра довзийта, документан кепехь охьадилла.

ЮНЕСКО-с дIакхайкхорца, герггарчу 80 шарахь дуьнен чуьра 3 эзар сов мотт юкъара дIабала тарло, тахханехь и меттанаш дендан, кхио дуьйла ца лахь.

Цхьабакъду, и меттанаш дендар хIумма а атта гIуллакх дац, хIунда аьлча 10 эзар сов вац оцу меттанех пайдаоьцуш. ЮНЕСКО-с юкъара дIадовларна кхерам болчу меттанийн программа юкъаяккхаран бахьана ду дуьнен чохь йолчу пачхьалкхийн правительствошка а, халкъашка а юкъара дIадовлуш долу меттанаш лардаран Iалашонца меттанийн гIолацаран керла политика йолаяйтар.

ЮНЕСКО-с юкъара дIаболуш бу аьлла багарбинарг 2 эзар ах эзар мотт бу.

«Кхерамечу хьолехь долчу меттанийн атлас» интерактивни атласе хьажа йиш ю ЮНЕСКО-н официальни сайта тIехь.

Нохчийн Республикехь боккха болх беш бу ненан мотт тIекхуьучу чкъурана биц ца балийта, дика Iамабайта, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказера кхидолу меттанаш а санна, ЮНЕСКО-н говзанчаша бинчу талламца, нохчийн мотт дуьнен чохь долчу меттанашна юккъехь уггаре а кIезиг буьйцучу а, кIезиг пайдаоьцучу а меттанех цхьаъ бу.

I.АДЛАНОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: