Школашкахь ийманехь кхетош-кхиор – мехала декхар

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса дешаран учрежденешкахь дӀахьочу ийманехь кхетош-кхиоран белхан хьал дийцаре дарна лерина кхеташо дӀаяьхьира оцу балхана жоьпалле болчу хьехархошца.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Дешаран а, Ӏилманан а министран ийманехь кхетош-кхиоран балхехула заместитель Хариханов Асвад а, Нохчийн Республикин муфтин заместитель Висарханов Ӏусман а.

Дешархой социальни сеташкахула дӀахьош йолчу экстремизман идеологин тӀеӀаткъамах ларбарх а, уьш ийманехь кхиорах а лаьцна дара коьрта къамел.

Байсултанов Идриса билгалдаьккхира дуьненаюкъарчу экстремистийн организацийн векалша шайн ницкъ кхочучу агӀор вайн республикин машаран дахар талхор йолчу Ӏалашонца зуламе некъаш лоьхуш хилар.

И некъаш интернетан таронашца а лоьху цара. Цундела мехала ду вайн республикехь болу кегийрхой оцу зуламхойх ларбан хьовсар.

Бер кхиор – боккха болх бу, ткъа оцу белхан дика кхиам, юьхькӀам болу чаккхе, дика жамӀ оцу берийн дай-наноша, школо, хьехархоша цхьанахоршахь къахьегча бен хуьлийла дац. Вайн махкахь тахана болчу машаре, муха кхаьчна хоьуьйтуш, бераш кхетош хила беза баккхийнаш.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) а, цуьнан накъосташа а боьттинчу буха тӀехь даьржаш беркат ду вайн махкахь», – билгалдаьккхира министра.

Хариханов Асвада а карладаьккхира дешархошца ийманехь кхетош-кхиоран болх беш хиларал сов, оцу дешархойн дай-наношца беш болу болх а, цаьрца йолу зӀе а даима а тергонехь латтош хила дезаш хилар.

Далла гергахь а дай-наной бу уггар хьалха оцу берех жоьпалле хин берш. Къуръан нийса ца туьдуш нисло интернетан майданашкахь. Берашна нийса дерг хьоьхуш, уьш кхетош-кхиоран болх хаддаза дӀахьош хила беза хьехархой а, дай-наной а.

Цхьаьнакхетар дерзош, гулбеллачеран хаттаршна жоьпаш а луш, церан проблемаш къасто хьаьжира министр.

Цхьадолу дехарш кхеташо дӀаялале кхочушдира И.Байсултановс.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: