Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан хьаькам Хатуев Руслан цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГӀалин дешаран учрежденийн куьйгалхошца.

Школийн директоршца дӀаяьхьначу кхеташонехь Р.Хатуевс билгалдаьккхира дешаран учрежденийн куьйгалхошна юкъахь дӀахьош йолчу аттестацин жамӀаш кхиаме хилар.
Делахь а, дешархойн хаарш лакхара хилар а, директорех тешийначу дешаран учрежденийн хьелаш юьхькӀоме латтор а, уггаре а коьрта хилар а карладаьккхира.
«Школин директор коьрта ву дешар кхиорехь а, дешаран дикалла лакхаяккхарехь а. Кхузаманан хьелашкахь директор – менеджер а, психолог а, экономист а ву. Дика куьйгалхо хила декхарийлахь ву директор», – элира цо.
Р.Хатуевн дешнашца аьлча, тӀейогӀучу хенахь школаша бан безаш дукха белхаш бу: регионан а, ерригроссин а проекташкахь дакъалацар а, дешархоша школин олимпиадашкахь а, Пачхьалкхан жамӀийн аттестацехь тоьлла жамӀаш гайтаре кхачар а.
ДӀадаханчу шарахь дешаран хьаьрма кхиорехь хиллачу жамӀех а, иштта, керлачу Ӏалашонех а лаьцна доклад йира Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан хьаькаман заместитела Хасаева Марета.
2021-чу шарахь дешаран хьаьрмахь законодательствехь нормативни-бакъонан актийн декъехь бинчу хийцамех дерг довзийтира цо.
«Гуш ду юкъараллина а, хьехархошна а хьалха дешаран керла кеп кхолларна тӀехь лаьтташ декхар хилар. Пандемин муьрехь вайна гина иза иштта хилар. Цундела, дешаран кепаш кхин а эвсара, пайдехь, аьхна хилийтаран некъаш лаха хьовса дезаш ду вай», – элира цо.
11-чу классийн дешархойн хаарийн диагностикин жамӀех дерг довзийтира департаментан Ӏилманан-методикин туьшан заведующис Ибрагимова Мединас.
Кхеташонехь дийцира юьхьанцарчу классийн дешархошна луш болчу бовхачу кхачанах а, школин сайташ лелорах а, медицинин кабинетех а, дешархойн санитарни-эпидемиологин кхерамазаллин хьолах а лаьцна.
З.ЯХЪЯЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де