Нохчийн Республикин библиотекаш Къоман «Культура» проектан гурашкахь модельни кепе ерзоран белхаш 2021-чу шарахь а дӀахьур бу.

Билггал аьлча, оцу библиотекашна юкъа йогӀур ю Теркан кӀоштарчу Лакха-Невран кӀоштан библиотека а, Курчалойн кӀоштарчу библиотекин Гелдаганан юьртан №3 йолу библиотека-филиал а, Нажи-Юьртан кӀоштан, Шелковски кӀоштан библиотекаш а.
Оцу библиотекех кхузаманан лехамашца йогӀу модельни библиотекаш йинчул тӀаьхьа, баккхийчарна а, берашна а лерина меттигаш хир ю.
Цигахь болх беш тайп-тайпана лаборатореш хир ю, хӀора а ешархочунна лааме хьаьжжина, оьшуш долу гӀуллакх дан аьтто а болуш, иштта, берашна лерина ловзаран майда а хир ю, цул сов, библиотекийн книгийн фондаш а кхузаманан литературин книгашца тӀеюзур ю.
Ярташкахь болу ешархой, школин дешархой хьесапе а эцна, царна садаӀа а, книга еша а оьшуш долу хьелаш а кхуллур ду цу библиотекашкахь.
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де