Некъан билгалонаш массарна а йовза еза

Невран кӀоштарчу Савельевски юьртан библиотекин №7 йолчу филиалан белхахоша, юьртан Культурин цӀийнан белхахошца цхьаьна юьхьанцарчу классийн дешархошна некъан боламан кхерамазаллин хаарш лакхадахаран Ӏалашонца «Некъан билгалонаш массарна а йовза еза» аьлла сахьт вовшахтоьхнера.

Хаарийн сахьтана юкъадогӀура масех конкурс дӀаяхьар.

«Хадийна билгало» конкурсан тӀедилларехь бераша хадийна йолу некъан билгало вовшаххуттий, цуьнан бехкамах лоций дуьйцура.

«Хьуна евзий некъан боламан бакъонаш?» конкурсехь гӀашлой некъана дехьабовларан бакъонех лаьцна дийца дезара, ткъа иштта, некъа тӀехь транспорт дӀасалеларехь ларъян езачу агӀонех дерг а хаа дезара.

«Схьалаха некъан зуламхо» конкурсехь берашна гайтинчу суьрташна тӀехь некъан боламан бакъонаш талхош болу зуламхой схьалаха хаа дезара.

Берашна Ӏамийна некъан боламан бакъонех долу хаарш, царна школал арахьа а, догӀуш-доьлхуш а довзийтархьама, леррина арахь йина хиллачу экскурсехь дӀадаьхьначу дарсехь тӀечӀагӀдира.

З.ХИЗИРОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: