Къоначара кест-кеста хазахетарш дохьу вайна кхоллараллехь бохучу кхиамашца. Иштта говзачу кегийрхойх цхьаъ ю къона яздархо Сумбулатова Радима.

ХIокху деношкахь шолгIа книга араяьлла цуьнан. Книгин цIе ю «Даго хьоьхур бу некъ» («Сердце подскажет дорогу»). Книга оьрсийн маттахь язйина ю. Кегийрхошна лерина ю иза.
Шо хьалха Сумбулатова Радимин «Неугасающий маяк» цIе йолу хьалхара книга араяьлла. Иза а яра кегийрхошна лерина, юкъахь повесть а, масех дийцар а долуш.
ШолгIа книга къоначу турпалхочун Адаман ойланаш йовзуьйтуш ю. Дикка некъ бо жимачу стага дахаран новкъахь дуьненан маьIнина тIекхиар Iалашо лоций. Диканаша а, вуонаша а яхчайо Адаман амал, беркатечу хорша ерзайо ойланаш.
Кегийрхоша самукъадаларца йоьшур йолуш ю Сумбулатова Радимас язйина «Даго хьоьхур бу некъ» книга.
Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха лаьа автор Нохчийн пачхьалкхан университетан студентка хилар а, шен дешарца тIехдика ларош иза хилар а.
Иштта, дешарна юкъара ца йолуш, «Грозный» телеканалехь болх беш ю, корреспондентан даржехь. Хазахета къоначарна дахарехь шайн меттиг карийча.
Ас дегайовхо кхобу Радимина и меттиг, цхьана а кепара шеко йоцуш, карийна хиларх. Цуьнан хенахь ши книга зорбане яьлла дукха яздархой бац, вайн махкахь-м хIунда дуьйцура, дерриге дуьненахь а.
Веза-Воккхачу Дала дебабойла Нохчийчохь Радима санна болу мехкарий! Дала тIаьхье беркате йойла «Даго некъ хьоьхур бу» цIе йолчу цуьнан книгин а!
Яздеш болу кегийрхой алсамбевлча, цара язйина керла книгаш йоьшуш берш кхин а совбовларе сатуьйсу-кх вай. Керлачу книго керлачу хааршца серлабоккхур бу кегийрхойн кхетам.
А.ДАЧАЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де