2020-чу шеран чаккхенехь Нохчийн Республикехь 2,2-зза алсамдаьлла «Россельхозбанкера» гIоленаш яран юьртан ипотеке долу хьашт.

ДIадаханчу шеран тIаьхьарчу кхаа баттахь банко дIаделларг дерриге а 206 млн ₽ ахча ду. Цул хьалхарчу чийрикехь (кварталехь) бахархошна дIаделларг 93 млн ₽ бен дацара. Цу тIе, 95% заемщикаша ипотечни харжаш тIехьовсийна ярташкахь цIенош эцарна.
«Вайн республикехь юьртан ипотекех, коьртачу декъана, кийчча (дина девлла) цIенош оьцу. Иштта, билгалдаккха деза цIенош даима а цигахь Iархьама оьцуш хилар, дача санна (садаIа меттиг санна) а ца оьцуш. Тхо даккхийде оцу мехалчу гIуллакхехь «Россельхозбанко» дакъалоцуш хиларх а, ярташ кхиорехь гIо деш хиларх а», – бохура «Россельхозбанк» АО-н Нохчийн филиалан директора Гагаев Ислама.
«Россельхозбанкехь» юьртан гIоленан ипотека эцарна заявка чуяла йиш ю Нохчийн Республикерчу 21 шарера 75 шаре кхаччалц хан йолчу муьлххачу а вахархочун.
25 шарна луш долчу кредитан барам 100 эзар ₽ тIера 3 млн ₽ тIекхаччалц бу. Цу тIе, дуьххьара дIалуш йолу взнос 10% тIера дIайолалуш ю.
Шарна 2,7% барамехь йолчу ставкано гIуллакхдо шена страховани ечу хенахь.
Хь.САИДОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де