Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца республикин Культурин министерствос Нохчийн халкъан кхоллараллин туьшаца цхьаьна зорбане яьккхина 6 томах лаьтташ йолу «Эзар мукъам» книга.

1847–2020-чуй шерашкахь язбина нохчийн 1 200 мукъам бу книгина юкъа баханарг. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.
– «Эзар мукъам» книги тIехь музыкин а, дешнийн а авторийн цIераш хилла а ца Iаш, цара язйина музыкийн ноташ а, дешнаш а ду. ТIейогIучу хенахь электронан вариант хир ю. Цу тIехь болх дIахьош бу. Электоронан варианто массеран а аьтто бийр бу, мичча хенахь шен телефона я компьютера тIехь, сайт схьа а йиллина, книга еша, нохчийн мукъамаш а, уьш язбинарш а бовза. Цул сов, суна билгалдаккха луур дара, вай дукхазза теш хилла, вайн къоман музыкин а, дешнийн а авторш шаьш ду бо- хуш, кхечу къаьмнех цхьа нах гучубуьйлуш хилар. Ткъа хIинца и дан церан бакъо хир яц. Вайн мукъамийн, дешнийн авторийн бакъо цхьамма а талхор яц, – яздина культурин министра.
ВЕГИЕВА Макка
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де