Коронавирусан инфекцица къийсам латторехь кхелхинчу лоьрийн цӀераш гуттаренна а яха юьсур ю

COVID-19-н инфекцица къийсам латторехь, шайн синош а, догӀмаш а ца кхоош, хьанал къа а хьоьгуш, бакъдуьнена бирзина лоьраш иэсехь бисийтаран Ӏалашонца оцу лоьрийн цӀераш техкина республикин пачхьенерчу урамашна.

Карарчу беттан 21-чу дийнахь оцу хьокъехь сацам бина Соьлжа-ГӀалин Думо.

Цуьнца нийса а догӀуш, 5 урамна бакъдуьнена бирзинчу лоьрийн цӀераш техкина:
– Ахьмадан кӀоштарчу «Тихая» урамна Эдильбиев Ӏийсан Каметин цӀе тиллина;
– Ахьмадан кӀоштарчу «Противотанковая» урамна Дугзаев Нухьин Нурдин цӀе тиллина;
– БойсагӀаран кӀоштарчу «Тракторная» урамна Солсаев Накин СоӀипан цӀе тиллина;
– Ахьмадан кӀоштарчу «Фруктовая» урамна Айдамиров Авалун Рамзанан цӀе тиллина;
– Ахьмадан кӀоштарчу С.Хасимиковн а, Ӏ.Берсановн а цӀарахчу урамашна юккъерчу урамна Танкиев Амуран Манашин цӀе тиллина.

И.ИСЛАМОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: