Нохчийн Республикин законаш дахаран лаккхарчу органан бIаьстенан сесси дIайолаелла. Вайн парламентан боьалгIачу кхайкхаман депутатийн тIаьххьара сесси ю иза.

Парламентан спикера Даудов Мохьмада билгалдехира хIокху сессехь законаш дахаран органна хьалха лаьтташ долу коьрта декхарш.
– Парламентан коьрта болх законаш дахар бу. И болх ерриге а комитеташкахь дIахьош хиларна, комитетийн куьйгалхошка дехар ду сан федеральни законодательствехь хуьлуш болчу хийцамашна тIехь сема тидам латтор а, изза хийцамаш сихонца республикин законашкахь бар а, уьш федеральни законашца догIуш хилийтархьама. Парламентан коьрта тидам тIебахийта безачарах ю иштта социальни проекташ а, – элира Даудов Мохьмада.
Цуьнца цхьаьна, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела депутаташка дийхира бахархошна юкъахь кхеторан болх дIабахьар, церан хьашташка хьовсар, уьш кхочушдарехь жигара дакъалацар.
Кхеташонехь халкъан харжамхоша цхьамоггIа кхин гIуллакхаш а дийцаре дира… Царна юкъахь дара Умаров Джамбулатан кандидатура республикин Правительствон Председателан заместителан даржехь чIагIъяр.
Даудов Мохьмада билгалдаьккхина ма-хиллара, парламентехь йийцаре яйта цуьнан кандидатура хьалхатеттина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Регионан Куьйгалхочун хьалхататтар довзийтира Нохчийчоьнан Правительствон вицепремьера Усмаев Вахитас.
Цо тидам тIебахийтира Умаров Джамбулата чоьхьара а, арахьара а политика дIаяхьаран декъехь болх бийриг хиларна.
– Вахьидан Джамбулатан лаккхара корматалла а, гIуллакхаллин амал а хьесапе эцча, со тешна ву цо шена белла тешам ларбийриг хиларх а, шена тIедехкинчу декхаршца иза ларориг хиларх а, – элира М.Даудовс.
Керлачу вице-премьеран балхахь кхиамаш хуьлийла шен лууш хилар дIа а хаийтира цо. Иштта, депутаташа цхьабарт хуьлуш Курчалойн муниципальни кIоштан №37 йолчу суьдан куьпан маслаIатан суьдахочун дарже хIоттийра Хадисов Салавди.
Цул сов, кхеташонехь тIеийцира «Совдегараллин а, инвестицийн а гIуллакхалла кхочушдаран гуллакхех а, оцу тайпанчу проекташна тIеIаткъам бар дIанисдаран мах хадорах а хьакхалуш долчу муниципальни нормативийн бакъонийн (правовой) акташна экспертиза яран къепенан хьокъехь» долчу «Нохчийн Республикин Законан 1-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон.
Цкъа ешна депутаташа тIеийцира «Соьлжа-ГIали юккъера Бароновка а, Башировка а поселкийн цIераш хийцаран хьокъехь» а, «Нохчийн Республикехь юьртан бахаман производствон пачхьалкхан гIолацаран а, дог даийтаран а хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законехь хийцамаш баран хьокъехь» а йолу республикин законийн ши проект.
Цу тайппана беркате а, дика жамIаш луш а чекхъелира регионан Парламентан бIаьстенан сессин хьалхара кхеташо.
Д.ПАШАЕВ
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де