Республикин гӀаланашкахь а, ярташкахь а къоман «ХӀусамаш а, гӀалин хьал а» проектан гурашкахь дӀахьочу федеральни «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» проектаца нийса а догӀуш, 67 юкъараллин майда тоян лерина. Уьш ю дукхапетарийн цӀеношкара 26 уьйтӀе а, 41 юкъараллин меттиг а.

Карарчу шарахь бийр болчу оцу белхашна къастийнарг 395 млн сов ₽ ду, 99% ахча федеральни бюджетера а долуш. И белхаш республикехь мел йолчу муниципалитеташкахь дӀахьур бу.
Тоян леринчу майданийн могӀарехь ю Грозненски кӀоштарчу Побединскехь ян йолийна керла юкъараллин майда а.
Проектаца нийса а догӀуш, цигахь мини-футболан майда а, берийн ловзарийн майданаш а, гӀашлойн некъаш а, дечкан лабанаш а, охьаховша гӀанташ а хир ду.
Юкъараллин майдано 2 200м2 меттиг дӀалоцур ю.
Дагадоуьйту, оцу юьртахь чекхдаьллачу шарахь къоман «Демографи» проект кхочушъяран гурашкахь ян йолийна 140 берана лерина керла берийн беш хилар.
Карарчу хенахь, гӀишло чуьра белхаш бина бовлуш бу гӀишлошъярхой. 2021-гӀа шо чекхдалале йина яла езаш ю ший а объект.
МУСЛИМОВ Абу
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де