ХIокху деношкахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу Нохчийн Республикин МЧС-н белхахошна а лерина хIоллам схьабелларца йоьзна йолу мероприяти.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н Куьйгалхо Кадыров Рамзан, НР-н Председатель Даудов Мохьмад, НР-н Председатель Хучиев Муслим, НР-н Правительствон Председателан заместитель Висмурадов Абузайд, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитель Цакаев Iалихан, кхиберш.
Кадыров Рамзана урхаллин белхахой декъалбира хIоллам схьабелларца.
Иштта, цо билгалдаьккхира, тайп-тайпанчу чолхечу хьелашкахь а, Iаламан бохамашкахь а республикин бахархойн кхерамазалла ларъярехь кIелхьарадахархоша лелош долу маьIна.
– Шеко йоццуш, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин белхахой шайн декхаршца дика ларабо. Шайн дахарна мел боккха кхерам хиларх а, къонахаллица а, доьналлица а шайн корматаллин декхарш кхочушдо цара. Дийнахь а, буса а вайн республикин бахархойн дахарна а, могашаллина а гIаролехь лаьтташ бу уьш. Цо гойту муьлххачу хенахь а шайгара хьуьнарш гайта кийча а, майра а, доьналла долу а нах уьш хилар. Вай даима а дагахь латтор бу кхиберш кIелхьарабохуш дIакхелхинарш. Дашочу элпашца вайн республикин кхузаманан истори юкъаязйина церан цIераш, – элира цо.

Регионан Куьйгалхочо, иштта, билгалдаьккхира МЧС-н регионан урхаллин болх тобарна Цакаев Iалихана доккха дакъа юкъадиллина хилар.
– Шен белхан бакъволу говзанча ша хиларе терра, кIелхьарадахархойн белхан эвсаралла дуккха а лакхаяккха ницкъ кхаьчна цуьнан. И бахьанехь боккха пайда хилла вайн республикина а, пачхьалкхана а, – элира Р.Кадыровс.
I.Цакаевс баркалла элира Кадыров Рамзанна даима гIо-накъосталла дарна.
Цо дийцарехь, республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан а тидам бахьанехь, МЧС-н регионан урхаллин таро хуьлу лаккхарчу дикаллица а, каде а шен декхарш кхочушдан.
– Тхайн массеран а цIарах ас даггара баркалла боху, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хьуна а, иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а аш даима тхуна а, кхелхинчу белхахойн доьзалшна а гIо-накъосталла дарна. Оха дош ло дийнахь а, буса а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къахьега, – элира цо.
Мероприяти ерзош, Кадыров Рамзана шен накъосташца дакъалецира хIолламна хьалха зезагаш дахкарехь.
I.МУРТАЗОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де
Нохчий маттах дёш самукне хюл ) шорт сайт ялар вай матлах :)