Теркан кIоштан селхане а, тахане а

Теркан кIошт вовшахтоьхна 1826-чу шеран бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь. Иза Теркан областан Нохчийн округа юкъайогIуш яра. ХIХ-чу бIешеран 60-чу шерийн чаккхенехь Теркан областан Грозненски округана юкъаяхийтира иза. Цу хенахь кIоштана юххехула чекхболуш бара Кавказан тIеман зил.

Архиверчу хьостанаша чIагIдарехь, Теркаца ярташ ехкина лаьмнашкара охьакхелхинчу нохчийн ахархоша. Церан хьуьнаре къинхьегам бахьана долуш, цигара гIамарийн аренаш, мохо а лоькхуш лаьтташ хилла йолу, кемсийн, бошмийн, ялтийн аренаш хилла дIахIиттира.

Теркаца ехкина нохчийн ярташ яккхий яра, цигахь бехаш хьал-бахам болу нохчий бара. Цара токхе аренаш юьйш-ерзорца цхьаьна даьхний а леладора: бежанаш, говраш, гомашаш, уьстагIий, гезарий.

Цундела цигара ярташ лаьмнашкахь йолчарал сиха кхуьуш яра социальни, экономикин, культурин дакъошкахь. Амма цуьнан дахар, кхиар даима а юххера доьзна хилла Нохчийчоьнан кхечу кIошташца.

Теркаца бехаш болчу нохчаша юххера зIе, уьйр латтош хилла лаьмнийн ярташкахь бехачу шайн цIийнан, тайпанан векалшца.

Тахана Теркан кIошт кхузаманан уггаре а бегIийлачу кIоштех цхьаъ ю. Къилбаседа агIор цуьнан доза догIу Ставрополан махкаца а, Невран кIоштаца а, малхбале а, къилба а агIор – Грозненски а, Эна-Хишкан а кIошташца, ткъа къилба-малхбузе агIор – Къилбаседа ХIирийчоь – Аланица а, ГIалгIайчоьнца а.

КIоштан юкъ (центр) лоруш ю ЧIуьлга-Юрт. Теркан кIоштахь 14 юрт ю. Оцу ярташкахь Iаш 64 эзар сов стаг ву. Малхбузера малхбале агIор 50 километр еха ю кIошт.

ЧIуьлга-Юрт Соьлжа-ГIалина 80 километр гена ю. КIошт республикин пачхьенца а, кхечу кIошташца а юьзуш беккъа автотранспортан некъаш бен дац.

«Теркан кIошт цхьанаэшшара кхуьуш схьайогIуш ю. Берриге а бахархой бертахь болх беш бу. Социальни а, политикин а хьал синтеме ду. Кхузарчу бахархойн жигаралла тIеттIа лакхайолуш ю. Белхан керла меттигаш ю кхуллуш. Цуьнга хьаьжжина толуш ду бахархойн Iер-дахар.

«Пандемица доьзна халонаш нисъеллехь а, Нохчийчоьнан куьйгалло гIо-накъосталла дар бахьана долуш, тхан аьтто баьлла ЧIуьлга-Юьртахь кхузаманан исбаьхьа поликлиника ян. Дийнахь 500 стаг-лазархо тIеэца йиш ю цигахь. Поликлиникехь 165 стагана болх бан меттиг нисъелла. Царах цхьа бIе сов лор а, медйиша а, медицинин кхин белхахой а бу», – билгалдаьккхина кIоштан администрацин куьйгалхочо Куцаев Шемала «ГIуллакхаллин Соьлжа-ГIала» журналана еллачу интервьюхь.

Иза йина «Нохчийн Республикехь Iаш болчу бахархошна аьхначу, бегIийлачу хIусамашца а, хIусамийн коммунальни хьашташ кхочушдарца а кхачояран» Нохчийн Республикин пачхьалкхан программа кхочушъяран гурашкахь.

Оцу программица еш ю кхузахь, 140 меттиг йолу, школал хьалха дешаран учреждени. Иза йина яьлча, оцу тайпанчу учрежденешка долу кIоштан хьашташ дуьззина кхочушдарца цхьаьна, 40 стагана болх бан меттиг а хир ю.

Иштта, «Токхамаш хуьлучу меттигашкара бахархой дIакхалхор» программа кхочуш а еш, Горагорскехь 62 доьзална (558 стагана) ши цIа дийр ду.

«Йоха гергаяханчу хIусамашкара бахархой дIакхалхор» федеральни Iалашонан программа кхочуш а еш, оццу Горагорскехь 2020-чу шарахь дан долийна дукха петарш йолу диъ цIа. Царах кхаа цIийнах хIоранна чохь 40 петар хир ю, цхьана цIа чохь – 30 петар.

Оццу хенахь ЧIуьлга-Юьртахь еш ю юкъарадешаран ши учреждени – 720 дешархочунна меттиг йолу гимнази а, 600 дешархочунна меттиг йолу юккъера школа а.

Цуьнца цхьаьна кIоштахь дуккха а белхаш бина маше- нийн, гIашлойн некъаш тода- ран, бахархошна хица кхачояр тодаран дакъошкахь.

Иштта, НогIамирзи-Юьртара Галне 4,4 километр силаман некъ биллина, гIашлойн некъаш дехкина НогIамирзин, Лакха-Невран, ЧIуьлга-Юьртан, Лаха-Невран ярташкахь.

Хица кхачояр тодаран Iалашонца хийцина 24 эзар километр хин биргIанаш. Цу тайппана белхаш дIабаьхьна IамтIа-Отар (Комарово), Горагорск, ГIулоз, ЧIуьлга-Юьрт, кхечу ярташкахь.

Артизианан 6 скважина яьккхина Бена-Юьртахь, НогIамирзи-Юьртахь, Лакха-Неврехь, Лаха-Неврехь, Маканехь, кхечанхьа.

ХIокху кIоштахь леррина тидам тIебохуьйту юьртан бахам кхиорна. Кхузарчу 37 эзар сов гектара тIехь тайптайпана ялташ а, юьртабахаман кхийолу культураш а кхиайо.

БегIийла хьелаш ду кIоштахь даьхни лелон а. Оцу хьелех дика пайдаоьцу меттигерчу бахархоша.

«Чеченстато» бечу хаамашца, кIоштарчу бахархойн цIахь лелош 18 эзар гергга маIаш йолу даккхий даьхни ду. Царна юкъахь 10 эзар гергга етт бу. Цуьнца цхьаьна, уьстагIий а, гезарий а лелайо теркахоша. Церан барам 14 эзар гергга бу. Уьш дебо таро ю бахархойн.

Даьхни дажо меттигаш ю, йол хьакха меттигаш ю. Оцу таронех тIаьхьарчу шерашкахь дика пайдаэца буьйлабелла бахархой.

Юьртан бахам кхиорехь, кхидолчу дакъошкахь санна, меттигерчу бахархошна гIо-накъосталла до Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу юкъараллин фондо.

Коронавирусан ун даржарца доьзна чолхе беанчу дIадаханчу шеран бIаьстенан муьрехь фондо кIоштарчу 3 858 гIоьналлин бахамана дIаден тайп-тайпанчу ялтийн, ораматийн хIу делира.

Ша-ша къастош аьлча, 60 000 кийла картолийн, 4 700 кийла хьаьжкIийн, 2 400 кийла кхоьийн хIу делира. И бахьанехь аьтто хилира 30 гектара тIехь картолаш, 235 гектара тIехь хьаьжкIаш, 30 гектара тIехь кхоьаш кхио.

Хьаххийначуьра аьлча, 2020-чу шарахь оцу фондо кIоштахь дIасабийкъира кхачанан сурсаташ чохь долу 108 эзар сов тIоьрмиг. Пандеми яржа йолаелча кIоштан коьртачу больницина «Сихаллин гIо» машен ийцира, 13 заьIапхочунна гIудалкхаш елира, ортопедан гоьнаш елира.

Цул сов, ахчанца гIо дира кхузарчу 1 680 доьзална. Царна массарна а дIасадекънарг 21 миллион сом гергга ахча дара.

Оцу фондо доккхуш долчу сагIанах дакъа ца кхочуш кIоштара цхьа а доьзал бисина хир бац. Шайн бахархошна иштта гIо деш цхьана а регионан, пачхьалкхан куьйгалхо вац.

Цундела, Теркан кIоштан бахархоша а, куьйгалхоша а даггара баркалла боху Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а, цара шайгара гайтинчу комаьршаллина, къинхетамна.

Бахархойн дог-ойла ир-карахIоттайо республикин куьйгалло иштта терго яро, мехкан а, халкъан а дуьхьа къахьега хьуьнаре бо уьш.

С.ХАСАНОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: