Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Теркан кIоштахь йолчу отделан белхахоша, профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, шен леларца шеко кхоллаелла, сацийра ЧIуьлга-Юьртара вахархо.

Таллам дIабаьхьча, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина, аьтта йолу, ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 200 грамм хиллал йозалла йолу наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг.
Вахархочо дийцарехь, и наркотик цо, йохк-эцаран Iалашо а йоцуш, шена пайдаоьцуш лелош хилла.
Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша, профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, Соьлжа-ГIалин Титовн урамехь сацийра Шелан кIоштара вахархо.
Ши теш а волуш, полицин белхахоша, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, сиро-баьццарчу басахь, шатайпа хьожа йолу наркотик чохь йолу Iаьржа полимеран тIоьрмиг. Наркотик 150 грамм сов хилла.
Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша Соьлжа-ГIалин Шайх Мансуран (Заводски) кIоштахь сацийра 1992-чу шарахь вина волу Устрада-ГIалара вахархо.
Таллам дIабаьхьча, полицин белхахоша, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина, кIомалах тера йолу, 135 грамм гергга наркотик чохь йолу полимеран тIоьрмиг. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе тIевар.
Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийн Республикехула йолчу Наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Эна-Хишкан кIоштахь йолчу отделан белхахошца а, Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан урхаллин белхахошца а цхьаьна, «Терго» цIе йолу оперативни мероприятеш дIахьочу хенахь, «Кавказ» федеральни автомобилийн некъаца йолчу ДПС-н постехь, цуьнгахь наркотикаш хиларан шеконца, сацийра 1979-чу шарахь вина волу Гуьмсе гIалара вахархо.
Таллам дIабаьхьча, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина, ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 60–70 грамм гергга йозалла йолу наркотик чохь йолу Iаьржа полимеран тIоьрмиг.
Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламийн билгалонаш ю лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламийн.
Схьаяьхна наркотикаш талламбан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. Таллам дIахьош бу.
ТЕРЛОЕВ Iадлан
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де