ТIаме вахана 43 шо даьллачул тIаьхьа кхаьчна хаам

Тахана санна, дагадогIу суна 1986-чу шеран хIутосург (май) беттан 26-гIа де. Оцу дийнахь, ас хIетахь болх бечу «Коммунизман некъ» цIе йолчу Теркан кIоштан газетан редакце баьхкира дагахьбоцу хьеший: КПСС-н а, ВЛКСМ-н райкомийн векалш, ЧIулга-Юьртарчу №2 йолчу школин пионераш, хьехархой. Царна юкъахь вара кIоштан юьртабахаман урхаллин коьрта агроном Якубов Эльти а.

Цхьаьнакхетаран бахьана – Москвара веана журналист-ларталлархо, тIаьхьалонехь волу контр-адмирал тIеэцар дара.

Редакторан йоккхачу кабинета чу бигира хьеший. Генарчу хьешо ша вовзийтира, ша Кашурко Степан Савельевич, «Поиск» цIе йолчу Ерригсоюзан ларталларан тобанан куьйгалхо ву, аьлла.

Степан Савельевича дийцира шаьш дечу мехалчу гIуллакхех лаьцна… КхузткъалгIачу шерашкахь дуьйна схьабохьуш бу тобано тIеман кIуркIаманехь ларйоцуш байначийн цIераш, юхадIабухкуш, меттахIитторан болх.

ХIетахь дуьйна 20 000 сов салтичун а, эпсаран а цIе карийна, цу хьокъехь хаамаш бина уьш тIамера юхаберзаре, дог ца дуьллуш, сатуьйсуш болчу церан гергарчаьрга. Ткъа 1986-гIа шо долалуш кхин а 125 бIаьхо вежараллин коша верзийра. Царна юкъахь Гуьмсера Абдурахманов Iабдулхьалим а, Лаха-Неврера Альтемиров ТIахIир а вара.

Редакце баьхкинчу хьашашца хиллачу Якубов Эльтин ненаваша хилла ТIахIир.

АльтемировгIеран доьзалшна боккха кхаъ, синтем бохьуш кхаьчнера Кашурко. Церан хазахетаран доза дацара.

Теркан кIоштан Лаха-Неврехь вехачу Альтемиров Юсупан доьзалехь 1919-чу шарахь дуьнен чу ваьллера ТIахIир.

Доьзалехь уггаре а жиманиг хиларе терра, массарна а дукхавезара иза. Къаьсттина цунна чусадиллина яра цуьнан цхьаъ бен йоцу йоккхах йолу йиша Малакат.

Юьртарчу юьхьанцарчу школехь доьшуш волуш комсомолан могIаршка велира иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа ВЛКСМ-н райкоман отделан куьйгалхочун дарже хIоттийра.

Юьртахошна юкъахь кIезиг бацара цуьнан доттагIий. Царах цхьаъ вара хинволу журналист, яхдархо Чалаев Билал. Ши кIант даима а цхьаьна вара.

ТIахIиран хIора а белхан де кегийрхошца доьзна дара. Оьшучу меттехь дика накъост а вара, цхьанан гIуллакхна а, халонна бIокъажош а вацара. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабалале, 1941-чу шеран бIаьста, ЦIечу Эскаре гIуллакх дан кхайкхира иза.

КIант новкъаваккха баьхкинера цуьнан белхан накъостий, доттагIий, гергарнаш. Баку гIалахь къоначу бIаьхойн курсаш чекхъяьхначул тIаьхьа, тайп-тайпанчу тIеман дакъошка дIасахьовсийра курсанташ.

ТIахIир 148-чу стрелкови дивизин 496-чу стрелкови полке кхечира… Йоза-мотт дика хууш хиларе терра, лахара сержант цIе а луш, отделенин командир хIоттийра иза.

Къоначу командира жоьпаллица кхочушдора шен декхарш. Хаддазчу тидамехь латтабора къона эскархой. Коьртачу декъана цаьрца стрелкови герз Iаморехула йолу занятеш дIахьора.

ТIахIирах а, цо дIахIоттийначу кхетошкхиоран балхах а баккхийбера полкан эпсарш.

ТIахIир дуьнен чу волучу шарахь дуьйна а, Ленинградан областехь, дошлойн полкехь политрук волуш, гIуллакхдеш вара цуьнан воккхах волу ваша Iали. ТIом болабаллалц шина а вешин кехаташ дIасадоьлхура. Амма и зIе дукха ца лаьттира. ТIом болалуш вайн мехкан коьрта шахьар, Москва гIала, масех баттахь, схьаяккха Iалашо хIоттийра Гитлера. Амма, легашка хIоьттина даьIахк хилла лаьттара Курск а, Орел а гIаланаш.

Европера ерриге а пачхьалкхаш шен кога кIел ерзийна аьлла, куралла йоьссинчу оцу акхарочунна моьттург бакъ ца хилира. Москвана тIекхачарехьа болу некъ паргIатбаккхархьама мостагIчо ницкъ а, гIирс а ца кхоабора…

Курск а, Орел а гIаланашна гонаха даккхий тасадаларш хилира. МостагIчун аьтто бийриг керла техника а, алссамчу барамехь долу хIаваакеманаш а дара. ТIамна юкъаялийнера «Тиграш», «Пантераш» цIераш йолу танкаш…

Оцу тIеман кIуркIамане кхоьссира ТIахIиран дивизи а. Амма, мостагIчун ницкъаш дуккха а алсам бара. ТIахIиран дивизи бухахь йолчу Дмитровск – Орловски – Комаричи некъ ларбечу 193 стрелкови дивизе дIатуьйхира.

КIоррга диллина ло а, шело а яра лаьтташ. Вайн тIемалоша схьаяьккхира Талдикино, Сторожище, Алешинка цIераш йолу кхо юрт.

ХIоьттинчу шелоно а боккха ницкъ бора. Дийнахь а, буса а соцуш бацара тIом. Цул чIогIа сагатдийриг тIеман гIирсашца кхачо цахилар, уьш тоъалчу барамехь тIедузуш цахилар дара. Амма, шелонна кIелвисна я мостагIчух озавелла юхавала дагахь цхьа а вацара. ХIора а вара доьналла, майралла гойтуш… Тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бара дивизехь, ТIахIирца белш-белшах тоьхна, луьрачу мостагIца тIемаш беш.

Шайн акхаралла фашисташа маьршачу адамашна тIехь гойтура. Къинхетамза хIаллакбора зударий, бераш, къаной. Адамех яссайора дийнна ярташ, кIотарш.

Шаьш бахьанехь маьрша адамаш хIаллакцахилийтархьама, дивизин командованис сацам бира ша бина лаьттачу Нерусса хи тIехула луларчу Брянскан хьаннашка дехьадовла. Оцу буса дарц делира.

Дивизин 1-2-гIий батальонаш а, кхарах схьакхетта кхиболу тIемалой а гIорийна лаьттачу хийисте кхечира, дехьабовла дагахь. Дехьарчу бердаца немцоша йинчу кIелонна тIенисбелира уьш. Кхарна тIаьххье новкъаелира лаккхарчу лейтенанта Колондадзес куьйгалла ден 3-гIа батальон а.

Алешинка юьртарчу немцоша герзаш детта долийра. Вайн тIемалошна го бира фашисташа. ТIеетта йолийра яккхий тоьпаш. МостагIчун артиллерина гIо-накъосталла дора танканаша а, десанто а. Шайна гIоьнна хIаваан кеманаш а кхайкхира.

Хьалхий, тIаьхьий хIаллакьхилира ротин командираш, политрукаш Османов Шафи, Султанов Сираж, еза чов хилла Iуьллура батальонан командир Стариков Георгий.

Чов хилларш кIелхьарабохуш каде хьийзара санинструкторш — мехкарий Орловская Женя а, Развина Роза а.

МостагIийн аьтто хилира чевнаш хилларш хIаллакбан. Цхьа а ца висира дийна. Кхузахь турпалаллица ийгира вайн тIемалой — Орджоникидзе гIалара лейтенант, ротин командир Лавренов Юрий а, Лаха-Неврера Альтемиров ТIахIир а, Гуьмсера Абдурахманов Iабдулхьамид а.

ШолгIачу дийнахь фашисташа Алешинка юьртара бахархой Неруссо хи йисте балийна, вайн бIаьхойн декъий бомбанаша даьхначу оьрнашна чукхийсийтира.

Иштта, 43 шо даьллачул тIаьхьа, сий-ларам барца юха дIабоьхкира турпалхой.

ЖАПАРОВ Хизир
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: