Берашна гIиллакхехь хила Iамадо

Нохчийн халкъан кхоллараллин туьшо дIахьочу «ГIиллакхийн суьйренаш» проектан гурашкахь клубийн цхьаьнатоьхначу «Оргтехника» культурин цIийнехь дIадаьхьира дешархошна гIиллакхаш довзийтаран цхьаьнакхетар.

Нохчийн гIиллакхех лаьцна берашна дуьйцуш вара оцу туьшан белхахо, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Культурин кхеташонан декъашхо Казаев Султан.

– Нохчийн халкъ ширачех цхьаъ ду. Цул сов, уггаре а чIогIа гIиллакхаш лелош, кхечеран ларам беш халкъ а ду. Вайн дай-наноша лелош, тIекхуьучу тIехьене дIакховдош, вайга схьакхаьчна гIиллакхаш. ГIиллакхо адаман сий-ларам хьалабоккху. Дуьненахь а дика цIе йоккхуьйту. ГIиллакхаш массанхьа лело дезаш ду. Уггаре а хьалха, шен хIусамехь. Чохь гIиллакх лелош воцчо, арахь, нахана юкъахь а лелор дац. Жимма а гIиллакхна ледара верг дукха сиха къаьсташ хуьлу юкъараллехь. ТӀаккха бехк, цунна ца буьллуш, цуьнан дена-нанна буьллу. Цундела, нохчаша доьзалхочунна аганахь дуьйна Iамош ду гIиллакхаш, – дийцира Казаев Султана.

«ГIиллакхийн суьйренаш» проектан коьрта Iалашо ю тIекхуьучу чкъурана шайн дайн гIиллакхийн мехалла йовзийтар а, уьш марздар а, цаьрга уьш леладайтар а.

Проект дIахьош йолу масех шо ду. Баттахь цкъа цхьаьнакхетар хуьлу туьшан белхахойн кегийрхошца а, кхиазхошца а, берашца а.

– ХIара проект дIайолийчахьана, тхан дукха нисделла дIасадахар а, берашна гIиллакхех лаьцна дийцар а. Берашна мелла а кIоггера йовзуьйту оха гIиллакхийн мехаллаш. Вайн зама кхин зама ю. Европин модано а, хIордал дехьарчу мехкийн дааро а, оьрсийн мотт бийцаро а вайн берашна тIеIаткъам бо. Кхечу къаьмнех дIатардала луучу вайн кегийчу чкъурана дийца деза шен къоман культура а, гIиллакхаш а, Iадаташ а лардан дезаш хилар а, шайн тIаьхьене уьш дIакховдо дезаш хилар а, – билгалдаьккхира С.Казаевс.

Шайга дуьйцучуьнга леррина ладуьйгIира бераша.

Цул тIаьхьа дуккха хаттарш а дира. Цхьа а хаттар жоп доцуш ца дитира.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: