Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахочо, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахочо Хунарикова ПетӀамата нохчийн меттан а, литературин а къоначу хьехархошна методикин гӀо даран Ӏалашонца «Меттан суртхIотторан гIирсаш» темина лерина онлайн-семинар дӀаяьхьира.

Хунарикова ПетӀамат нохчийн меттан говзанча хиларал сов, дешархошна лерина йолу «Ас дӀалур ю ПКЭ» Ӏамат вовшахтоьхначу тобанан декъашхо а ю.
Шен лекцехь цо билгалдаьккхира меттан суртхIотторехь вовшашка дечу къамелах а, баккхийчу нехан къамелах а, нохчийн литературин классикийн говзарех а пайдаэца хууш хилар мехала хилар.
Меттан суртхIотторан гIирсаш вайн къамелехь чIогIа оьшуш бу: муьлххачу меттехь деш долу къамел тодан, ладугIучун ладогIа догдаийта, дуьйцуш долчун исбаьхьа сурт духьалхIоттийта.
«Кица къамелан туьха ду» олуш ду вайн. Туьхано юучунна беш болу чам санна, меттан суртхIотторан гIирсаша а тодеш, кхитӀе хаздо къамел, ткъа оцу белхан коьрта коьчалш дустарш, исбаьхьалла, похӀма ю.
Цхьана дашца аьлча, меттан сурт говза хӀоттийча деш долу къамел хаза хуьлу.
Семинар онлайн рожехь дӀаяхьар тахана кхолладеллачу санитарни-эпидемиологин хьолехь чIогIа мехала гIуллакх ду. Иза иштта хилар тIечIагIдира семинарах пайдаоьцучу къоначу хьехархоша.
Хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь, церан хаарш тIедузарехь оьшуш ду иштта семинараш дӀаяхьар.
Керлачу технологин таронех пайдаэца хаар а, интернет-зIенан таронаш евзаш, кхузаманан лехамашца болх бан а, деша а кийча хилар оьшуш хилар гайтина вайна хIокху замано.
Хьехархойн хаттаршна дуьззина жоьпаш лора нохчийн меттан говзанчас.
Семинарехь дакъалаьцначу Соьлжа-ГӀалин школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а 18 хьехархочо баркалла элира шайна лерина чулацаме семинар дӀаяьхьначу ПетӀаматана.
Семинар, кхачам боллуш, дика вовшахтоьхна, дӀаяьхьна хилар билгалдаьккхира цара.
И тайпа семинараш кхидIа а дIаяхьа лерина ду Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран Департаментан а, Нохчийн меттан институтан а куьйгалла.
З.ХИЗИРОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де