2020-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран Байханов ИсмаьӀалан дӀадолорца студенташна а, къоначу хьехархошна а леррина схьайиллина кхузаманан педагогикин технологеш Ӏаморехь оьшуш долу гӀо даран Хьехархойн пхьалгӀа ю университетехь.
Цуьнан куьйгалхо ву 2018-чу шарахь Россин шеран хьехархо хилла волу, нохчийн халкъан хьехархо Динаев Ӏалихан. Хьехархойн пхьалгӀа пхеа декъехь болх беш ю.

«ХХI-чу бӀешеран хьехархо» – декъехь хьехархошна кхузаманан хьехаран методикаш йовзуьйту, церан говзалла тоьллачу зеделлачух пайда а оьцуш кхиайо.
«Кхин а дика хила» – декъехь студенташна ораторийн говзаллин къайленаш йовзуьйту, къамел хаза а, чулацаме а дан Ӏамадо. Хьехархоша шаьш ешначу пайдехьчу книгийн чулацамаш бовзуьйту.
«Интернет – вайн» – декъехь электронни контент кхолла а, иза социальни сеташкахь кхидӀа кхио а Ӏамадо.
«The best teacher» («Тоьлла хьехархо») декъехь университетан хӀора а выпускник ингалсан маттахь паргIат къамел дан хууш хилийтарехьа къахьоьгу.
ХӀора кӀиранах ингалсан маттахь дӀахьош йолчу мастер-классашка гулло студенташ а, «The best teacher» клубан декъашхой а.
Иштта, нохчийн мотт марзбарехь а, Ӏалашбарехь а болу болх а дика дӀахӀоттийна Хьехархойн пхьалгӀахь.
«Бекалахь, ненан мотт» аьлла кхайкхам бу оцу декъехь дӀахьочу белхан.
Билгалдаккха деза оцу декъехь Динаев Ӏалихана «Сан хьалхара книга» аьлла, берашна лерина суьрташца йолу энциклопеди зорбане яьккхина хилар. Соьлжа-ГӀалин книгийн туьканашкахь ю иза.
Студенташна лерина нохчийн маттахь тренинг а дӀаяьхьна, цул сов, университетан хьехархошца а, студенташца а цхьаьна бераш Ӏаморан мультфильм йоккхуш а ю. Иза кестта социальни сеташкахь гайта кийча хилийта а хьовсур бу уьш.
Ӏ.Динаевс «Грозный–информ» агентствона еллачу интервьюхь билгал ма-даккхара, Хьехархойн пхьалгӀин балхана юкъахь дакъалоцуш университетан ерриге а факультеташ а, институташ а ю.
Нохчийн Республикин хьехархошна хилла ца Ӏаш, Россин пачхьалкхан муьлххачу а меттерчу вузийн студентийн а, хьехархойн а йиш ю Хьехархойн пхьалгӀахь бечу балхах пайдаэца.
Иштта, зеделларг долчу хьехархошна а дика майда а ю иза шайн зеделларг кхечарна довзийта.
ТӀаьхьарчу кхаа баттахь Хьехархойн пхьалгӀахь мастер-классаш яларна тӀера, зорбане евлла книгаш йовзийтаран биста кхаччалц, ерриге а 50 сов мероприяти йина. Царах ах сов мероприятеш студенташа шаьш вовшахтухуш дӀахьош ю.
«Карарчу хенахь вайн республикин школашкахь «Йиллина урокаш» дӀаяхьа кечлуш бу студенташ. Яккхий а йоцуш, амма пайдехь йолу дешаран форумаш дӀаяхьа Ӏалашо а ю церан. Хьехархойн пхьалгӀахь Хьехархойн дуьненаюкъара пхьалгӀа схьаелла ойла а ю тхан. Инстаграм соцсетехь тхайн агӀо а ю pedmaster_chgpu адресца», – бовзийтира шайн сатийсамаш Ӏ.Динаевс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де