Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Кхоллараллин ПхьалгӀин куьйгалхо Бугаев Аслан Санкт-Петербурган Суьрташдахкархойн Союзе тӀеэцна хиларан хьокъехь хаам бина университетан пресс-службо.

Бугаев Аслан воьалгӀа нохчийн суьрташдахкархо ву Санкт-Петербурган Суьрташдахкархойн союзан декъашхо хилларг.
ДӀадаханчу шерашкахь оцу Союзан декъашхойн могӀаре кхача аьтто хиллачарах бу бевзаш болу нохчийн суьрташдахкархой: Бицираев СаьӀид а, Абаев Султан а, Яхиханов Рустам а.
Шатайпа кхоллараллин кхиамаш а, корматаллин тIегӀа а хила деза ишттачу союзан юкъа кхача. Санкт-Петербурган Суьрташдахкархойн союзо гайтаман зал схьайоьллуш кечбеш болчу ламасталлин «Вступление» аьллачу гайтамехь дакъалаца бакъо йоккхуш, Аслана дакъалецира конкурсан зерашкахь.
ХӀокху шеран кхолламан (январь) баттахь Союзан Правленин цхьабарт хилира Аслан Санкт-Петербурган Суьрташдахкархойн союзе тӀеэца.
И.Е.Репинан цӀарах йолчу живописан а, скульптурин а, архитектурин а академин институт чекхъяьккхина волчу Бугаев Асланан дахарехь доккха маьӀна долуш хилам бу Россин культурин коьрта шахьар лоручу Санкт-Петербурган Суьрташдахкархойн союзе тӀеэцар.
Нохчийн суьрташдахкархочун похӀмин, хьуьнаран, корматаллин лаккхара мах хадор ду иза. Ишттачу керлачу хийцамо а керлачу Ӏалашонашна тӀекхиа синайам гӀаттабо.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь схьайиллина Кхоллараллин пхьалгӀа кхиорна тӀехь шен ницкъ, хьуьнар ца кхоош къахьега дагахь ву иза.
Ша куьйгалла дечу пхьалгӀанах живописан а, скульптурин а, графикин а дакъошкахь Ӏемаш болчу студенташна лерина Къилбаседа Кавказехь а тоьлла пхьалгӀа ян дагахь а ву иза.
Бугаев Аслан Соьлжа-ГӀалахь дуьнен чу ваьлла 1987-чу шеран хӀутосург (май) беттан 15-чу дийнахь.
Баккхийчу кхиамашца чекхъяьккхина Буру-ГӀалахь йолу С.Д.Тавасиевн цӀарах йолу Берийн кхоллараллин школа.
2009-чу шарахь дешна Къилбаседа-ХӀирийн пачхьалкхан университетан исбаьхьаллин-графикин отделенехь.
2017-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина И.Е.Репинан цӀарах йолу живописан а, скульптурин а, архитектурин а академин институт.
Асланан белхаш Нохчийн Республикин музейшкахь бу.
Цо дакъалоцу регионан а, дуьненаюкъарчу а гайтамашкахь а, конкурсашкахь а.
З.ЯХЪЯЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де