Итон-Кхаьллан кIоштахь гидроэлектростанци йийр ю

Республикин Итон-Кхаьллан кIоштахь «Башенная» цIе а йолуш, 10 мегаватт нуьцкъалла йолу гидроэлектростанци хир ю кестта. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.

Цо билгалдаьккхира республикин энергетикин комплекс кхиор, цу юкъахь керлайоккхучу энергин дакъа кхиор, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхахIиттийначу коьртачу декхарех цхьаъ хилар.

МГЭС яран гIуллакхаш а, хиндерг а Хучиев Муслима дийцаре дира белхан гIуллакхца Нохчийн Республике веанчу «УК ГидроОГК» АО-н генеральни директорца, «РусГидро» ПАО-н генеральни директоран гIишлошъяран заместительца Карпухин Николайца.

«Хьешаца цхьаьна тхо хилира МГЭС ян билгалъяьккхинчу меттехь. Хиндерг долчу инвестицийн проектех а, лаьмнийн кIошташ кхиорехь дан леринчух а лаьцна дийцира ас. Карпухин Николайс леррина теллира гидроэлектростанци ян билгалъяьккхина йолу меттиг, иштта, лаккхара мах хадийра энергин декъехь Итон-Кхаьллан кIоштахь йолчу таронийн», – яздина М.Хучиевс.

И дерриге а гIуллакхаш тидаме эцча, МГЭС яр, Итон-Кхаьллан кIоштахь а, республикехь а кхидIа а дикачу агIор хуьлуш болчу хийцамашна юкъахь йоккха гIулч хир ю.

«Циггахь оха дийцаре дира и проект кхочушъярехь дан дезарш. Ас билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Правительствос МГЭС ярехь хьалха хIуьттуш долу декхарш кхочушдарна оьшуш долу дерриге а гIо-накъосталла дийриг хилар. Суна баркалла ала лаьа Россин Федерацин энергетикин министрана Шульгиновна а, «РусГидро» ПАО-н куьйгаллина а Нохчийн Республикин электроэнергетикин комплекс кхиорна юкъа цара дакъа дилларна а, гIо-накъосталла дарна а. Со тешна ву, иза, оха кхидIа а беркате, цхьаьна бийр болчу белхан хьалхара гIулч хиларх», – элира Премьер-министра.

I.ТЕРЛОЕВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: