ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствехь, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Чайка Юрийс куьйгалла а деш, видеоконференцин кепехь кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Россин Федерацин Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхо Термулаева Рита, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, кхиберш.
Кхеташонехь дийцаре дина коьрта гIуллакх керлачу коронавирусан уьнна дуьхьал бахархоша шайн лаамехь йолу вакцинаци яр дара.
А.Дудаевс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу хьекъале политика а, коронавирусан ун даржарна дуьхьал къийсам латторехула шен хеннахь дина гIуллакхаш а бахьанехь, регионехь долу хьал тергонехь латто аьтто баьлла хилар.
«Республикин бахархоша дика кхеташ а, шайн лаамехь а тIелоцу вакцинаци ян езаш хилар, уьш кхета, вакцинаци яран коьрта Iалашо – иза, инфекцин цамгарш цаяржийтар хилар. Шеко йоццуш, оцу декъехь дикачу жамIашка кхачийтарехь доккха маьIна леладо республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Бахархошца хаамийн-довзийтаран боккха болх бу цара дIахьош, вакцинаци ярах дерг хIора дийнахь шайн телепередачашкахь а, статьяшкахь а довзуьйтуш. Йийцаре еш йолчу темина лерина Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йовзийтина 32 тематикин программа а, 64 хаамийн сюжет а, сайташ тIехь а, социальни сеташкахь а йина 927 публикаци. Республикин хIора а вахархочун могашаллина гIаролехь лаьтташ бу вайн журналисташ», – яздина Дудаев Ахьмада.
Дагадоуьйту, Нохчийн Республике дукха хан йоццуш еана 4 242 вакцина. Карарчу хенахь вакцинаци яйтинарг 3 922 стаг ву, ткъа вакцинацин буьззинчу муьрах чекх а ваьлла, сертификаташ схьаэцна 1 046 стага.
I.МУРТАЗОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де