Устрада-ГӀалахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, схьайиллина Физически а, реабилитацин а медицинин инновацийн туш.

Дийнахь а, буьйсанна а кхузахь Ӏачу дархошна 100 маьнга-меттиг а йолуш ю иза, дийнахь Ӏачарна 130 меттиг кхолла аьтто а бу.
Тайп-тайпанчу заьӀапхойн а, операци йича реабилитаци оьшучеран а медицинин а, реабилитацин а хьашташ кхочушдийр ду керлачу туьшахь.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина инновацийн туш таханлерчу лехамашца а, дуьненаюкъарчу стандарташца а йогӀуш хилар.
«Ветеранаш а, тӀеман хиламийн дакъалацархой а бу вайн иштта туш оьшучеран могӀарехь. И нах хӀинццалц кхечу субъекташка дӀасахьежабора вай. ДӀасалела царна хала хиларал сов, бухахь, дӀакхаьчча, царна оьшу хьелаш доцуш меттигаш а нислора дукха. Кхузахь оьшуш мел долу хьелаш кхоьллина вай – туьшан дархошна садаӀаран а, спортах пайдаэцаран а, ламазаш даран а биста кхаччалц ду уьш», – элира республикин Куьйгалхочо.
Администрацин а, чохь Ӏеран а, кхачанан а корпусех а, социальни-медицинин реабилитацин декъах а лаьтташ ю иза.
Цул сов, маьждиг а, садаӀаран майда а, культурин-садаӀаран комплекс а, тренажерийн а, спортан а залаш а, тӀехула тхов болу а, боцу а бассейнаш а ю кертахь.
УВЧ-терапи а, электрогӀенан чоьнаш а, магнитотерапи а, физиотерапи а, массаж а ю туьшахь дархойн медицинин а, реабилитацин а хьашташ кхочушдарна юкъайогӀуш.
Веза хьаша санна цигахь дакъалоцуш хиллачу «Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствон Пирогов Николайн цӀарахчу къоман медико-хирургин туьшан» Медицинин реабилитацин клиникин куьйгалхочо Даминов Вадима хаийтира Устрада-ГӀалара туш Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь а, Россин къилбехь а тоьллачарах хилар.
«Герггарчу хенахь хӀара туш федерацин тӀегӀанехь а тоьллачарах цхьаъ хилла дӀахӀуттург хиларх тешна ву со. Кхузахь кхоьллина хьелаш долу медицинин реабилитацин туьшаш наггахь бен яц Россехь а», – билгалдаьккхира цо.
И.АДАМОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де