2019-чу шарахь кхоьллина Нохчийчохь къаьсттина йолу экономикин «Соьлжа-ГIала» зона. Иза промышленностан сурсаташ арахецаран зона (ОЭЗ ППТ) ю.

«Сименс» концернан инновацийн технологешца генераторийн вакууман дӀайойъургаш яран завод ян а, data-туш кхолла а ойла ю цигахь.
Иштта, шекаран диабетана дарбанна а, туберкулезана дуьхьалонна лерина а, кхидолу молханаш даран заводаш а, транспортан а, инженерин а, инновацийн а инфраструктура кхолла а тарло ОЭЗ-хь.
Карарчу хенаца хьал дуьстича, «Соьлжа-ГIала» зонехь инвестицийн проекташ кхочушъяран гурашкахь Нохчийчоьнан Правительствон тайп-тайпанчу компанешца хилла 5 барт бу, инвестицийн барам 6,4 млрд сом а болуш.
Амма, республикин Ӏедална хетарехь, кхин а 6 шо даьлча, оцу зонина юкъа юьллучу инвестицийн барам 14,2 млрд соьме кхочур бу, 1,5 эзар гергга белхан меттиг кхуллуш.
Карлаяьккхинчу «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиар» подпрограммехь билгалдаьккхина зонерчу инженерин, транспортан, социальни, инновацийн, кхийолчу инфраструктурийн кийча хиларан тӀегӀа, карарчу 2021-чу шарахь, 27,7 проценте кхаьчна хилар, тӀедогӀучу 2022-чу шарахь иза 100 проценте кхачориг хилар тӀе а чӀагӀдеш.
258 га дӀалоцуш йолу къаьсттина экономикин «Соьлжа-ГIала» зона 2 декъах лаьтташ ю: 1-ра дакъа – хьалха хиллачу Мехкадаьттанах гIуллакхдаран Соьлжа-ГӀалин комбинатан латтанаш; 2-гӀа дакъа – хьалха хиллачу радиозаводан латтанашкахь болх бечу Индустриальни паркан латтанаш.
«Соьлжа-ГIала» зона йилла меттиг къасторехь тидаме эцна инженерин коммуникацеш а, транспортан сеташ а юххехь хилар, уьш шоръян йиш хилар, кхийолу инфраструктура гена йоццуш хилар.
Промышленностан сурсаташ арахецаран къаьсттина экономикин зона федеральни Правительствон сацамца кхуллуш а ю, чӀагӀйина шен Ӏалашонаш йолуш а ю:
— субъектан сурсаташ арахецаран таронаш кхиор; инвесторийн жигаралла кхиор;
— дерриге а тӀегӀанашкарчу бюджеташка кхочу налогаш алсамъяхар;
— кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀу белхан меттигаш кхоллар.
Билгалдаккха догӀу Россин Федерацина юкъайогӀучу 22 республиках промышленни сурсаташ арахецаран къаьсттина экономикин зона йолуш 3 республика бен цахилар: «Алабуга» (2005-гӀа шо) – ГӀезалойчоь, «Соьлжа-ГIала» (2019-гӀа шо) – Нохчийчоь, «Алга» (2020-гӀа шо) – Башкортостан.
И.ИСЛАМОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де