Нохчийчоьнан исбаьхьалла йовзаре терра алсамбовлу туристаш

Нохчийчоьнан туризман министерствос кхочушдо туризман декъехь пачхьалкхан политика дIаяхьаран тIех мехала гIуллакхаш.

Вайн махка богIучу туристашкахула Нохчийчохь долу юкъараллин, политикин, экономикин хьал довзийтина ца Iаш, нохчийн культура, гIиллакхаш, оьздангалла йовзуьйту.

Оцо доккха маьIна леладо нохчийн халкъе сий-ларам кхоллабалийтарехь, тайп-тайпанчу халкъийн, регионийн векалшца уьйр-марзонаш хилийтарехь.

Вайн республикин туризман министерствон куьйгалхоша а, говзанчаша а боккха болх дIахьо Нохчийчоьнан туризман таронаш, объекташ, маршруташ Къилбаседа-Кавказан федеральни округа юкъа йогIучу республикийн, областийн, крайн туризман ведомствошна, цигарчу бахархошна, туристашна йовзийтарехь.

Цу тайппана болх дIахьо, шайн таронашка хьаьжжина, Россин кхечу регионашкахь а, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь а.

Оцу Iалашонца Нохчийчоьнан туризман министра Байтазиев Муслима дакъалоцу Россехь а, дозанал арахьа а дIахьочу тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь, кхеташонашкахь, гайтамашкахь. Дийцарш дIахьо турагентствийн векалшца, инвесторшца, кхечаьрца.

Иштта, дIадаханчу шарахь М.Байтазиевс вайн махкахь а, цуьнан дозанал арахьа а Нохчийчоьнан туризман таронаш, тIаьхьалонаш йовзийтаран Iалашонца дакъалецира Шарджехь дIабаьхьначу дуьненаюкъарчу гайтамехь. Иза дIахьочу хенахь иза цхьаьнакхийтира Шарджан правительствон туризмехула а, коммерцехула а йолчу департаментан куьйгалхочуьнца Жасим аль-Мидфа Халидца а, Шарджан эмиран граждански авиацин куьйгалхочуьнца Салим аль-Мидфа Iелица а.

Цул тIаьхьа туризмехула йолчу вайн ведомствон векала дакъалецира Хонкарарчу Истамбулехь а, Германерчу Дрезденехь а дIабаьхьначу мехалчу гайтамашкахь. Оцу а, кхечу а гайтамашкахь, туризман декъехь дIахьочу цхьаьнакхетаршкахь М.Байтазиевс а, цуьнан накъосташа а йовзуьйту Нохчийчоьнан туризман башха таронаш а, уьш кхиоран яккхий тIаьхьалонаш а.

Цуьнца цхьаьна, министерствос Нохчийн Республикин туристийн кластер кхиорна, тайп-тайпанчу туроператорийн программашна уьш юкъаяхийтарна къаьсттина тидам тIебохуьйту тIаьхьарчу хенахь. Хьаххийначуьра аьлча, туристийн кластерах хьалхарчех цхьаъ яра туристийн «Шовда» база. Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ламасталлин цIен аса хадаяле хьалха къамел деш цо билгалдаьккхира: «Ларамаза дац садаIаран хIара база «Кавказ» федеральни некъа йистехь йина хилар. Мехкан къилбехьа оьхуш болчу ерриге а Россерчу туристийн аьтто хир бу кхузахь садаIа, вайн гIиллакхаш, ламасташ довза, нохчийн хьошаллин мах хадо. Со тешна ву туристийн «Шовда» база республике богIучу хьешашна а, меттигерчу бахархошна а дукхаезаш йолу меттиг хилла дIахIуттург хиларх. Цунна мел оьшу хьелаш, бегIийлаш кхузахь кхоьллина. Цул сов, хIокху базехь шен гIоьналлин бахам бу вовшахтухуш. Цигахь стоьмаш, хасстоьмаш кхиор бу, чIерий, даьхни лелор ду. Доцца аьлча, кхузахь садаIа сецначунна кхачойийр ю цIеначу кхачанан сурсаташца. «Шовданан» кхиам хирг хиларан кхин а цхьа закъалт ду иза».

Баккъал а, хIинцале вайн республике богIучу туристашна езаелла «Шовда» садаIаран база. И санна меттигаш тахана вуно дукха ю Нохчийчохь… Кхин хIумма а ца дийцича а, «Ведучи» а, «Къоьзан Iам» а туризман базаш, «Нохчийчоьнан дог», «Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах маьждигаш бахьана долуш, дукха туристаш бу вайн регионе кхача лууш, Нохчийчоьнан Iаламан исбаьхьаллех ирс эца лууш. Церан барам алсамболуш бу. Иза, шеко йоццуш, кхин а алсамбер бу пандемин ун даржар юкъара дIадаьлча.

Туристийн барам алсамбаккхаран Iалашонех цхьаъ ю Нохчийчоьнан туристийн кластер кхечу регионашкарчу, пачхьалкхашкарчу туроператорийн программашна юкъаяхийтар.

Министерствон векалш оцу декъехь жигара болх беш хиларо беркате тIаьхье а ло.

С.ХАСАХАНОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: