Вайн адамаш тIаьхьарчу шерашкахь аренашца, лаьмнашца беш хиллачу белхашна, бошмашкахь, кхашкахь, хесашкахь алссам ораматаш кхиорна юхадовлар бахьанехь юкъара дIадолуш лаьтта белхи дIабахьаран гIиллакх.
Хьалх-хьалха белхеш бора цIенош деш, цIенош хьохуш, цIеношна тхов боккхуш, цIеношна буьйда кибарчигаш (саманаш) еш, мангал хьокхуш, асарш деш, хьаьжкIаш тилош, сарамсекхаш, хохаш цIандеш, доьхкуш, тIаргIа къажбеш, и.дI.кх.

Цхьана куьпара кегийрхой, мехкарий цхьаьнакхетта ца Iаш, дийнна юьртара къонанаш цхьаьнакхетара ишттачу меттигашкахь. Массара а цхьаьна болх бора. Кегийчара цуьнца цхьаьна вовшийн хьийзабора, забарш йора. Леррина пондарча, вотанча валавора церан самукъадаккха. Оцу хьолехь, вовшашца йохье а буьйлуш, болх бора кегийрхоша а, мехкарша а. Билгалволура балхана говза, хьуьнаре, жигара верг а, воцург а. Коьртачу декъана цу тайппана белхи цIа дечохь, цIенна буьйда кибарчиг ечохь, цIа хьохучохь хуьлура кегийрхой а, мехкарий а цхьаьна вовшахкхеташ.
Болх беш берш мехкарий белахь а, хьаьжкIаш тилочу, сарамсекхаш доьхкучохь хуьлура кегийрхой. Беккъа мехкарий бен ца хуьлура тIаргIа къажбечу, асар дечу белхешкахь.
Цхьаьна болх баран и гIиллакх вайн халкъан дахарехь доккха маьIна лелош дара. Уггаре а коьртаниг дара белхех къонанаш болх бан, гIуллакхдан Iамор, цаьргахь къинхьегаме марзо кхоллар. Иштта мехала дара оцу меттигашкахь къонанаш вовшашна бовзийтар, цаьрга уьйр лацийтар, царна юкъахь марзо кхоллаялийтар. Белхех аьтто хуьлура вовшийн амалш, хьежамаш, сатийсамаш бовза. Делахь-хIета, белхи бар деккъа цхьа къахьегар, болх бар хилла Iаш дацара.
Вайн дахаран дийнна цхьа дакъа дара иза. ХIинца институт а олу вай цунах. И дакъа, институт дIаяьллачу новкъа ю тахана. Лаьмнашкахь, аьрцнашкахь, ирзешкахь мангалш хьекхар, аренашкахь хьаьжкIаш кхиор, саьрамсекхаш буьйш-лелор, жаш лелор, уьстагIий ларгар, кхидерг дIадаьлла. ЦIенош дар алсамдаьллехь а, массо а хIума мехах деш ду, дойтуш ду. Буьйдачу кибарчигийн цIенош наггахь бен деш дац. Поппар хьохуш бац…
Зама хийцаелла, цуьнга терра лахамаш а, хьежамаш а хийцабелла. ДIаяьлла аьлла хета белхи баран зама а, мехалла а. Хета. Амма иза дика ду ала-м хIуттур вацара со, хIунда аьлча, белхи барх вай хердалар бахьана долуш юкъара дIадаьлла довлуш лаьтта нохчийн халкъан белхи баран, цигахь лелон дезачун гIиллакхаш. Вайна эшам бу дайша йоIбIаьрг санна лардеш вайга схьакховдийначу гIиллакхех цхьаъ дицдар а, иза оьшуш дац бахар а.
Вай вешан дайн некъ, гIуллакх дIатаса бакъо йолуш дац, зама мел чIогIа хийцаеллехь а. Вайн йиш яц ярташ, лаьмнаш дIатесна, дерриге а шахьаршка, гIаланашка дахана охьаховша. Вайга сатуьйсуш ду вайн лаьмнаш, вайга сатуьйсуш ю цигара шира ярташ, вайга сатуьйсуш ду вайн латта.
Оцу меттигашка туристаш хилла лела дезаш дац вай. Даха ховша дезаш ду цигахь, даьхни а лелош, хьаьжкIаш а кхиош, хьераш йохкуш, божалш деш, жоьлаш беш. ТIаккха юхадоьрзур ду цхьаболу белхаш мукъане а бан беза хьелаш, цаьрга хьашт кхоллалур ду, дезар кхоллалур ду.
Самукъанечу аьзнаша дIадузур ду лаьмнаш, хьаннаш, аьрцнаш, Дала мукъ лахь! Иза иштта ца хила йиш яц. Амма тахана «белхи» сцени тIехь бен гуш бац. Цуьнга долу хьашт дIадаьлла долуш лаьтта.
Бакъду, наггахь вайн ярташ, шахьарш, гIаланаш куьце ялош («цIанъеш» боху дош яздан ца лаьа суна, вайн уьш цIена, оьзда даима а хила езаш хиларна) белхеш бо вай. Иза а ду дика. ДIадаханчух вай ходуьйтуш йоцу, вайна гуш йоцу, зIе ю иза..
С.ХУСЕЙНОВ
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де