ХIора Iуьйранна хьалххе уьстагIашка хьажа араволуш Iедал дара воккхачу стеган. Кхуьнан жIаьлина хаьара хIара хьала маца гӀотту, цундела, неIаре а догIий, иза дIаелларе хьоьжуш Iара иза, чуьра схьахезачу хIора татане ла а доьгIуш. Эххар а воккха стаг гучуволура, жIаьлина таса хIума а йохьуш:

– Чхьонка, хьо-м кхузахь ма ду… тIаккха муха ду вайшиннан гIуллакх? УьстагIашка дика хьаьжирий хьо? Хаьа суна, хьо ледара хир доцийла. Дера, вайшиннан ледара хила йиш ма яц, яц-те.
ЖIаьлина кхалла хIума а лой, уьстагIий долчу, жоьле воьду къано. Цаьрга а дийца хIума карадо цунна:
– ХIе-хIей, муха ду шу, сан хазанаш? Буьйса муха яьккхи аш? Цхьаммо а новкъарло-м ца йи шуна?
УьстагӀашна тӀе куьг хьокхуш, кегий Ӏахарий, караоьций, хьоьстуш, жена юккъехула чекхволу иза… Цомгашниг я лазийнарг царна юккъехь буй хьожу иза леррина.
– ХӀан, дуьло арадовла шайна, Дала вайна керла де делла!, – олу воккхачу стага, уьстагӀашна хьалхара зӀара дӀа а доьллуш.
Шайна яьллачу паргӀатонах даккхийдеш, арахьовду уьстагӀий, лаьмнийн кийрара схьадаьлла аьхкенан мерза хӀаваъ, кортош хьалауьйъуш, чу а уьйзуш.
Кхин цкъа а жоьлин керта бӀаьргтуху воккхачу стага, цхьа а уьстагӀ я Ӏахар бисний хьожуш, юха, меллаша, жена тӀаьххье дӀаволало, белшах тесна телатан тӀоьрмиг то а беш.
Цуьнан хебаршка яханчу юьхьа тӀехула синтеман тулгӀе хьоду, ша денна а беш болчу балхе араваьлла иза. Доккха са а доккхий, уьстагӀашна тӀаьххье, ломан ирхехула, хьалаволало иза. Мел дукха ехи цо гонахарчу лаьмнийн ирхенаш шен дехачу дахарехь, мел дукха некъаш цисти…
Кхуьнан итт шо кхаьчнера нохчий цӀерабохучу хенахь. Жима хиларна, дерригенах дика ца кхетара хӀара. Цу шерашкахь лайна хало цкъа а дагара ца йолура кхунна. ЦӀа вирзинчул тӀаьхьа шайн ломахь ваха охьахиира хӀара… Зуда а ялийна, доьзал болийра. Амма кхуьнан берашна ца лиира ломахь Ӏан, уьш дуьне мел ду дӀасадахара. Воккхачу стагана ца хаьара уьш муьлхачу мехкашкахь беха, кхунна дагахь ца лаьттара кхечу пачхьалкхийн цӀераш.
Нохчийчохь шолгӀа тӀом баьлча, Соьлжа-ГӀалахь вехаш волу кхуьнан кӀант, шен доьзалца, дена тӀе веара, кхин ваха меттиг цахиларна.
Воккхачу стеган хӀусамехь шиъ бен чоь яцара. КӀентан доьзал – зудий, ши бер дехьарчу йоккхачу чохь дӀанисбалийтира кхуо.
Юьхьанца хӀара воккхавийна а ца волура уьш ша волчу бахкарх. Кхунна хаьара иза цхьана ханна бен доцийла, амма кхуьнан чӀогӀа самукъадаьллера цӀеххьана ша волчохь нисбеллачу шен доьзалх. Шен ма-хуьллу кӀантана а, несана а, берашна а там хин болу хӀума дан гӀертара воккха стаг.
КӀентан 10 шо долу кӀанттий, 7 шо долу йоӀӀий денна а кхуьнца, арадолий, лелара. ХӀара, цаьрга а хьоьжуш, велакъежара, бӀаьргашна гонаха хебарш а гулйой. ЧӀогӀа дезара кхунна и шиъ. Наггахь гӀала вахча бен ши бер ган кхуьнан аьтто ца болура. Ткъа тахана хӀорш кхуьнан хӀусамехь Ӏаш бара.
Шина берана нохчийн мотт дика ца хаьара. Царна иза муха хуур бара, дай-наний, оьрсийн мотт дика бийца гӀерташ, вовшашца къийсалуш хилча. Ца хаьара, дера, берашна-м цхьа тӀитӀ а, кхо-диъ дош доцург. Цу балхо дог дохадора воккхачу стеган, делахь а, кхуьнан дан хӀума дацара.
Бакъдерг дийцича, кхуо цкъа а, шозза а, бехк а боккхуш, кӀанте а, несе а элира, берашна вайн къоман мотт Ӏамабе, царах цхьа а боцурш ма хилийта аьлла. Амма цу шиммо кхуьнан къамел тергал ца дира, моттаргӀина, кхунна хазахетийта, цхьацца хабарш а дийцина.
Схьахетарехь, царна атта дара шайн дайша-наноша бийцинчу маттал а оьрсийниг бийца. ХӀун дийр ду ткъа? Воккхачу стага гӀайгӀане ойла йора: «Иштта бу-кх хӀинцалера кегийнаш. Эвлаяаша йийцинчу тӀаьхьарчу заманан билгалонаш ю-кх гуш ерш. Цара ма-баьхна: «Нахана юккъе херонаш евр ю, цара шайн мотт а, гӀиллакхаш а дӀатосур ду, берийн дай-наношка лерам хир бац, вашас ваша лорур вац, йишас – йиша…». Билггал иштта галдала доллу те хӀара дерриге а?»… Иштта къаьхьа ойланаш керчара воккхачу стеган коьртехь.
Дерриг а дицдинера хӀинца баьллачу шолгIачу тӀамо. Схьахезарш ирча хӀуманаш дара: охьаотуш гӀаланаш, ярташ, денна а дойъуш бехк а, гунахь а доцу адамаш. Муха лан деза хӀара? Цкъа, цӀерадаьхна, Юккъерчу Азехула лийли, мацаллой, шелоной хӀаллакдеш. ЦӀа а дирзина, даха а хевшина, доьзалш а кхиийна, хIусамаш а йоьгIна, охьахевшича, Iедал а дуьйхи, дерриге а гал а дели, цкъа а махкахь а, дуьненахь а цагинарг ган а дуьйгIи, адамалла а, нохчалла а яй, гIиллакх а, оьздангалла а телхи, ваша а, йиша а ийгIи – цхьа ирча, цкъа а гина а, хезна а йоцу IалогIожа а хилла, доьхний, даьржиний дIадаха-кх нохчийн дахар.
ХIара муха хили, мила бехке волуш хили, хьан долийна, хьан даржийна хили? Цу цхьана а хаттарна воккхачу стагана жоп дала стаг вацара. Массо а хенахь санна, Iедале, даржашка гIерташ халкъана ямарт, мичара муьлш бу а ца хууш болу цхьа са меца нах бара. Цара дуьйцург цхьаъ ду моьттуш, Iехаделлера халкъ.
Яхь а, доьналла а долуш болу, Нохчийчохь уггаре а тоьлла кегийнах декъалхилира хьалхарчу тIамехь. Цара шайн къона дахарш, паргIатонехьа къуьйсуш, дIаделира. Амма цара шайн синойн безачу мехах яьккхина маршо къацахетарийн караяхара.
Лакхарчу даржашкахь болчеран барт ца хуьлуш, денна а бохург санна, церан телевизорчухула дIахьочу кхиссаршка хьежа а кIордийнера нахана. Эххар а, ваххабитийн ун а даржийна, шолгIа тIом а баьккхира, халкъана хьалхачул а даккхий зенаш а деш.
Къоначу хенахь кIеззиг бен дешна воцчу воккхачу стагана деригенах а кхета хала дара. Ша цакхетарг кхуо кIанте хоттура, амма дуьззина, хIара кхетош дала жоп дацара вукхуьнан.
Несана хала дара кхузарчу дахарх йола. Чохь шийла а, довха а хи а, кхийолу бIегIийлаш а йолуш, гIаларчу петарехь Iийначу цунна ломара хьелаш акха хетара. Хьаьжа юккъе шад а хIоттабой, чохь цхьацца дан гIертара иза, йистхилар а, елакъажар а дацара цуьнгахь. Буьйсанна, уьш дIатийначу хенахь, цуьнан елхаийзор хезара воккхачу стагана.
– Ты куда меня привез? Это же дикий край! Здесь нет элементарных человеческих условий. Невыносимо все это!
КIанта къорра цхьаъ олура, схьахетарехь, иза теян гIерташ. Пенехьа дIа а вирзина, шен кетар тIе а тесна Iачу воккхачу стагана чIогIа ницкъ хуьлура несан чIеIамаш схьахезаш. Царна бан кхин баккхий аьттонаш кхуьнан бацара. ХIара, шен да а, цуьнан да а санна, лаьмнашкахь, даьхни а лелош, ваьхна стаг вара.
Дера, кхунна а ма хаьара, гIалахь дахар атта а, хаза а дуйла, амма хIара цкъа а вахалур вацара цигахь – кхунна хIаваъ тоьар дацара, цхьана а хIуманах самукъа а дер дацара. ХIара дукхазза а хиллера кIант волчохь хьошалгIахь, амма, хIоразза а, гIалахь дукха хье ца луш, лаьмнашка схьавогIура, хIунда аьлча, кхуьнан са шен сил а дукхадезачу лаьмнашкахь дара, кхечанхьа ша Iалур вацара аьлла, хетара кхунна.
КIант хье ца велира хIара волчохь, цхьа бутт а ца баьллера цуьнан доьзал да а, деда а, марда а волчу кхуьнан хIусаме беана.
– Дада, со дIаваха воллу. Нах кхечу пачхьалкхашка дIаоьхуш бу… ХIара тIом бахлур бу бохуш, дуьйцу.
– ГIо хьо… Хьайн рицкъ долччу дIаваха везаш ма ву хьо. Сан бакъо яц хьо сецо. Марша гIойла!.. Веза-Воккхачу Дала Iалашдойла шу!
– Дада, хьо а волахьа тхоьца, кхузахь дерг дахар ма дац… Хьо дуьне дууш ма вац.
– Айса дуург со диъна ваьлла. Шу Iан а, даха а дезаш ду. Хьан бераш кегий ду, церан дерриге а дахар хьалха ду. ДIабига уьш айхьа бохучу метте… Вуьшта, диц ма де уьш нохчий хилар, гуттар а дагахь латтаде хьайна иза, тIаккха, къанвелча, со санна, цхьалха ца виса там бу хьо.
– Дада, хьо а витина, дIа муха гIур ду тхо? ДIаволахьа тхоьца…
– ХIан-хIа, сан кIант, со кхузара цхьанххьа а вогIур вац. Махках а ваьлла, са дадийна лела хан дIаяьлла сан. Цкъа ваьккхина со дерриге а вайн халкъаца махках – кхин ца лаьа суна лаьмнех хада. Хьуьллара вайн кешнаш гой хьуна? Цигахь дIавоьллина ву сан да а, цуьнан да а, цуьнан да а, сан нана а, вежарий а. Царах а ваьлла, со мича гIур вара? Со хьанна оьшу цигахь? ХIан-хIа, сан меттиг кхузахь ю…ДIагIо хьо, марша гIойла!.. Ган доьгIнехь, гур ду вай.
КIант, доьзал а, гIалара схьабеана сал-пал а шен машенна тIе а боьттина, ломара дIавахара.
Машен къайлаяллалц, корехула ара а къедаш, кхуьнга куьйгаш лестийра бераша, ткъа нус цкъа юха а ца хьаьжира, Iодика а йина, ша машен чу хиинчул тIаьхьа.
Вехха лаьттира воккха стаг, къурдаш а деш, царна тIаьхьа хьоьжуш… Машен дикка генаяьлча, белшал жимма лакхадаьккхина, шен шога куьг кхуо а ластийра:
– Марша гIойла шу, Дала Iалашдойла!, – элира цо, халла хезаш.
Кхуьнан жIаьла а дара, схьа а деана, юххехь лаьтташ. Воккхачу стеган дагара хууш санна, дIабаханчарна гIийла тIахьахьоьжура иза.
– ДIабаха уьш, Чхьонка, дIабаха… ХIинца ваьшшиъ диси вайша… Дера диси. Делахь а, хIумма а дац, вайн лулахой а бу гена боццуш, кест-кеста дехьа-сехьара цхьаъ цо вогIуш, хан а ца йолу, – жIаьле къамел дора цо, иза шех кхетар долуш санна.
Амма къамел шен синтемана дора воккхачу стага, ша тевеш, ша цхьалха висар дайдан гIерташ…
АРСАНУКАЕВ Муса
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де