Соьлжа-Гlалин мэрин Культурин департаменто «Грозный» НПТРК-ца а, «Даймохк» газетан редакцица а цхьаьна дIахьочу «Нохчийн кхача» цIе йолчу проектан хIокху шеран дуьххьарлера цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIалин Ш.Эдисултановн цIарахчу культурин цIийнехь.

Проектан хьеший бара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан редактор Ирисханов Iимран а, «Даймохк» газетан Культурин отделан редактор, журналист Эльдерханова Зайнап а, Нохчийн халкъан кхоллараллин туьшан методист Бакараев Iела а.
Проектан ламаст ма-хиллара, зудаберашна кхача кечбан а Iамош, оцу проектан автора, Соьлжа-ГIалин коьртачу библиотекин №11 йолчу филиалан заведующис Юсупхаджиева Азас нохчийн кхачанах кечйира: «Юьзина галнаш» а, «Хьонкаргаш» а, «Мерза хьокхам» а.
Дагадаийта лаьа, проектан коьрта Iалашо ю тIекхуьуш долчу чкъурана нохчийн къоман кхача кечбан Iамор а, цуьнан мехалла йовзийтар а.
Нохчийн хьаннашкахь хьонка болу. Нохчашна хьонка бевза дукха хан а ю. Цхьаболчара кхехкабо, вукхара кхорзу иза. Иштта, хьонка чу а буллуш, бедах юург а кечйо. Нохчийн оцу кхачанца дегIана пайдехь йолу витаминаш дукха ю, Iаьнан шело дегIера дIайоккху цо.
Зудабершна хьеха а хьоьхуш, цаьрца цхьаьна кечамаш бира Азас. Нохчийн текхахь бод хьакхийра. Хада а бина, хьонка кечбира.
Леррина хьовсуш, Азас шайна ма-гайттара, юург кечйира цара. Проектан хьешашна хьалха хIоттийра кхача, воккхачунна хьалха а хIоттош.
– Вайн мохк токхе мохк бу. Тайп-тайпана стоьмаш, хасстоьмаш кхуьу вайн лаьтта тIехь. Амма, цул сов, вайн хьаннашкахь а кхуьу дуккха а акха стоьмаш. Иштта, кхуьу дарбане бецаш. Вайн наха царах даима а пайдаоьцуш хилла, дегIера шело дIайоккхуш, иммунитет меттахIоттош. Ткъа хьонка шатайпа орамат ю. Ткъа хIинца вайна Iа хьалха санна шийла ца хуьлу, цундела, кхолламан баттахь гучуболу иза. Цунах вайн зударша тайп-тайпана кхачанаш кечбо. Кегийчарна ца деза а тарло, делахь а, хIинца кегийрхошна марзделлачу кхечу къоман даарел а эзарза пайдехь а, мерза а бу вайна хьонкех бина кхача, – элира Ирисханов Iимрана.
Иштта, Яздархойн союзан цIарах Юсупхаджиева Азина а, проектан дакъалацархошна а шаьш зорбане яьхна нохчийн яздархойн книгаш елира I.Ирисхановс.
«Нохчийн кхача» рогIерчу цхьаьнакхетарехь кечбинчу кхачанийн рецепташ:
Хьонгаргаш /Оьшург: Дама, ши хIоа, ахлитр хи, туьха, хьонка, сийна хох, нехча, налха. Бод хица хьакхабо, чIогIа а ца хьакхош, юккъерчу барамехь. Ахлитр хи, ши хIоа, чомана жимма туьха тосу, дама оьшшучул леладо. Юкъаюьллург кечйо. Кегий хадийна хьонка, сийна хох, нехча, ткъа иштта чам-буц, налха.
Окхло карчош, бод буьткъа а бой, цу тIе юьллу кечйинарг, тIаккха, жим-жима карчош, тIекарчабо бод. Рулетан кепехь хуьлу иза. Iаь хIуттучу яй чохь кхехкайо уьш 10–15 минотехь. Стоьла тIе йиллале, хада а йой, тIе тIо буьллу, я томатан берам.
Юьзина галнаш /Цунна а бод хьонкаргашна санна хьакхабо.
Юкъаюьллург кечйо. Кегий хедийна хьонка ялгIо чохь, цIар тIе а буьллий, кIежйоккхуьйту, жимма налха а буьллий. И баьлла аьлла хеттачу хенахь, цIар тIера схьаоьцу, цул тIаьхьа сийна хох а, кIалд а тIетуху. Хьакхийна бод окхло карчош, буткъа бо, цуьнах горга мижаргаш схьадоху, юккъе кечйинарг а юьллуш, уьш дIакъовлу. Кхехкаш долчу хи чу тосу уьш, кхехкаш дукха ца Iа. Хи тIехула евлча, схьаоьцуш, шун чу йохку, тIо чу а Iуттуш юу уьш. Езачо галнаш чохь кхехкийна чорпа а тойо, шура тIетухуш, чу кIо бурч а тосуш.
Мерза хьокхам /6 хIоа а, 150 гр. шекар а кегадо дIаэллалц, тIаккха цу тIе 200 гр дама а эдо. ТIера чкъор даьккхина, Iежан цастарш даьтта хьакхначу зайли чу нисдо, цу тIебутту коча бод. 200 градусехь йохйинчу пешахь 40 минотехь йотту. Пешара схьаэцначул тIаьхьа, шекаран дама хьорсу.
ВЕГИЕВА Макка
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де