Толамхой билгалбаьхна

Нохчийн Республикин культурин министерствос 2020-чу шарахь подогогикин говзанчашна юкъахь «Я – педагог» республикин конкурс дIаяьхьира. Цуьнан жамIаш довзийтира хIокху деношкахь.

Даздаран хьолехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн пачхьалкхан «Къоначу хьажархочун театрехь».

Коьрта хьаша Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди вара.

«Инструментийн кхолларалла» номинацехь «Халкъан инструментийн оркестр» декъехь хьалхара меттиг яьккхира Хьалха-Мартан кIоштан Берийн искусствон школин хьехархочо А.Абастовас.

Иштта, оццу номинацин «Фортепьяно» декъехь совгIатан меттигаш ехира похIмечу берийн М.Мамакаевн цIарахчу халкъан музыкин школин хьехархочо М.Айдарбековас а, Соьлжа-ГIалин №3 йолчу берийн искусствон школин хьехархоша М.Оганесяна а, М.Хасиевас а.

«Вокалан кхолларалла» номинацехь хьалхара меттиг Эна-Хишкан кIоштан Берийн искусствон школин хьехархочо Л.Сулеймановас яьккхира.

«Хореографин кхолларалла» номинацехь хьалхара меттиг Соьлжа-ГIалин №5 йолчу берийн искусствон школин хьехархочо М.Дакаевас яьккхира.

«Хоран илли» номинацехь похIмечу берийн М.Мамакаевн цIарахчу халкъан музыкин школин хьехархочо К.Рашидовас яьккхира.

«Музыкин а, теорин а низам» номинацехь Устрада-ГIалин берийн искусствон школин хьехархочо З.Унгефухта яьккхира хьалхара меттиг.

«Театран искусство» номинацехь хьалхара меттиг Невран кIоштан Берийн искусствон школин хьехархочо М.Давутмурзаевас яьккхира.

«Исбаьхьаллин искусство» номинацехь хьалхара меттиг Соьлжа-ГIалин №1 йолчу берийн школин искусствон хьехархочо Д.Дадаевас яьккхира, ткъа Гран-При оццу школин хьехархочо М.Закриевс.

«Декоративни-прикладни искусство» номинацехь хьалхара меттиг А.Ильясовн цIарахчу берийн исбаьхьаллин школин хьехархочо М.Абдулхамидовас а йоккхуш, Гран-При оццу школин хьехархочо З.Джабраиловас яьккхира.

– Къоман культура кхиорехь а, тIекхуьу чкъор Iаморехь а къахьоьгуш бу искусствон а, музыкин а, исбаьхьаллин а школийн хьехархой-педагогаш. Аш Iамош долчу бераша рспубликин конкурсашна тIера дуьненаюкъарчу конкурсашна тIекхаччалц дакъалоцу. Цул сов, толаман меттигаш а йоху. Иза доккха беркат ду. Дерриге а дахар шайн балхана дIаделла, культурин кхерчашкахь доггах къахьегарна Дела реза хулда шуна!, – элира Дааев Хож-Баудис.

ДУТУЕВА Макка
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: