«Кхиаран меттигаш» туьшаш схьайоьллур ю

2021–2023-чуй шерашкахь Россин Федерацин субъекташкахь дешаран а, гуманитарин а профилан «Кхиаран меттигаш» туьшаш кхолларна федеральни бюджетера субсидеш къасторехь дакъалоцуш Нохчийн Республика а яра.

Юьйцуш йолу туьшаш схьаелларан а, церан белхан дӀахӀоттаман а гIуллакхаш дийцаре дарна лерина яра Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада а, «Кхиаран меттигаш» проектан муниципальни координаторша а дакъалоцуш дӀаяьхьна хилла вебинар.

Туьшаш схьаелларна оьшуш долу методикин гӀо деш ю Россин серлонан министерство. Уьш схьайоьллуш ларбан безачу бехкамех: проектан идеологех, бакъонан агӀонех, 2021-чу шеран проектан некъан картех дерш дийцира вебинарехь.

«Кхиаран меттигаш» Ӏилманан а, технологин а дакъошкахула йолу дешаран туьшаш ярташкахь а, кегийчу гӀаланашкахь а схьайоьллуш ю.

2021-чу шарахь Нохчийн Республикехь 73 «Кхиаран меттиг» туш схьайоьллур ю. «Кхиаран меттиг» – иза терахьийн а, гуманитарни а профилан дешаран туьшийн федеральни сеть ю.

Уьш схьаеллар дIахьош ду «Къоман «Дешар» проектан «Кхузаманан школа» регионан проектан гурашкахь.

«Технологи» а, «Математика а, информатика а», «Физически культура» а, «Дахаран кхерамазаллин коьрта баххаш» а предметашкахула долу дешар керлачу методикица нисдарехь а, дешаран гӀуллакхна керла технологеш юкъаялорехь а доккха накъосталла ду и тайпа туьшаш хилар.

Оцу туьшашкахь дешархойн кхоллараллин агIо а, проектан гIуллакх а, шахматийн дешар а кхиадо.

№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: