Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀалучеран заявленеш схьаэцна девлла

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо хаам барехь, Пачхьалкхан цхьааллин экзамен (ЕГЭ) дӀалучеран заявленеш схьаоьцуш дара чиллин (февраль) беттан хьалхара де тӀекхаччалц.

2021-чу шарахь Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀаяларан коьрта мур хӀутосург (май) беттан 31-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалц дӀахьур бу.

Экзаменаш дӀалур ю карарчу дешаран шеран выпускникаша а, дӀадаханчу шерашкахь дешна бевллачара а. Пачхьалкхан цхьааллин экзаменан хенал хьалха болу мур кхушарахь дӀахьур бац.

Вайна ма-хаъара, ПЦЭ-но школа чекхъяккхаран а, лакхарчу дешаран заведене деша вахаран а декхарш кхочушдо. 2021-чу шарахь лакхарчу дешаран заведене деша воьдучо дӀаяла езарг оьрсийн маттехула йолу 1 экзамен бен яц.

Базови тӀегӀанан математикин экзамен 2021-чу шарахь дӀалуш яц. Ткъа профилан тӀегӀанан математикехула а, кхечу предметашкахула а йолу экзаменаш выпускникаша шайн лааме хьаьжжина, вузашкахь тӀеэцаран баллаш хьесапе а оьцуш дӀалур ю.

КхидӀа вузе деша ца боьлхуш, амма аттестат дезаш болчара Пачхьалкхан арахецаран экзамен (ПАЭ) шина предметехула (оьрсийн маттехула а, математикехула а) дӀаяла дезар ду. Уьш хӀутосург (апрель) бутт бовш дӀалур ю.

Иштта, 10-чу классехь доьшуш а болуш, амма школехь юккъерчу дешаран программехула йолчу предметашкахула дешар чекхдаьккхинчу дешархойн а бакъо хир ю, 2021-чу шарахь, оццу предметашкахула, пачхьалкхан цхьаллин эказамен дӀаяла.

Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀалуш волчо шен заявленехь билгалъяха еза ша дӀаяла лерина предметаш. Предметаш харжар а эказамен дӀалуш волчо хоржучу говзалле хьаьжжина хила деза. Уьш тӀеэцаран экзаменаш санна дӀалорур ю вузехь.

Шаьш деша баха хоржучу вузийн сайташ тӀе хьовса беза выпускникаш. ХӀокху шеран выпускникаша Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀаяларан заявлени ша доьшучу меттехь чулур ду.

Ткъа дӀадаханчу шерийн выпускникаша заявленеш чулур ду Россин Федерацин субъекташа Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀаяла билгалйинчу меттигашкахь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: