Дукха хан йоццуш Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Россин чемпионат.
Цигахь деши даьккхира вайн махкахоша Акиев Iадлана (82 кг), Лабазанов Чингиза (72 кг) а, Минцигов Абуязида (77 кг) а.
Церан жамIаш тидаме оьцур ду Россин вовшахтоьхна команда Европин чемпионате кечъечу хенахь.
МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де