Кхаа шарахь 73 школа йийр ю республикехь

Нохчийн Республикин школашкахь кхаа сменехь дешар дIадаккхаран Iалашонца 2024-гIа шо тIекхачале 73 школа йийир ю. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министерствехь.

Дешаран учрежденеш яр дIахьур ду «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проекташ а, Россин дешаран министерствон программаш а кхочушъяран гурашкахь.

Бераш алсамдовларца доьзна кхочушдан аьтто ца болуш дуьсуш ду республикин школашкахь кхаа сменехь дешар дIадаккхаран гIуллакх.

ТIаьхьарчу шерашкахь иттаннаш керла школаш йинехь а, дешаран учрежденеш хIинца а еш елахь а, хьал кхин дIора хийцаделла дац. Тахана а вайн 15 кIоштахь хаалуш ду дешаран меттигаш тоьаш цахилар.

«Дешар» къоман проект кхочуш а еш, 2019–2020-чу дешаран шарахь регионехь 6 840 меттигана 15 школа ян аьтто белира. Цо таро елира кхоалгIачу сменехь доьшуш болчу дешархойн барам 10 575 дешархочунна тIекхаччалц лахбан. Вуьшта аьлча, оцу шарахь 1 эзар 772 дешархо кхоалгIачу сменехь доьшучуьра дIавелира. Кхаа сменехь болх беш хиллачу школийн барам 73 школина тIекхаччалц лахбира. Шийтта школа дIаелира кхаа сменехь болх бечарна юкъара.

ХIокху шарахь билгалдеш ду керла 21 школа ян. Уьш йийр ю Соьлжа-ГIалахь, Гуьмсехь, Устрада-ГIалахь, Хьалха-МартантIехь, Ахьмад-Юьртахь, Ойсхарахь, Дочу-Борзехь, Нажи-Юьртахь, ЧIуьлга-Юьртахь, Лакха-Неврехь, Баса-ГIалахь, Гал-ГIалахь.

№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: