Кинотеатраш а, самукъадаккхаран туьшаш а юха а болх бан юьйлаелла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 2020-чу шеран бекарг (март) беттан 27-чу дийнахьлерчу №66 йолчу Указехь бинчу хийцамца нийса а догIуш, шайн болх юха а дIаболош ю регионера кинотеатраш, берийн самукъадаккхаран туьшаш, концертийн залаш, банеш, бассейнаш. Уьш дIакъевлина яра дIадаханчу шеран бекарг баттахь, коронавирусан ун даржарца доьзна.

Кинотеатрашна, берийн ловзарийн чоьнашна, берийн самукъадаккхаран туьшашна, дельфинарешна, концертийн залашна, дIаса ца таьIIаш ларбан а безаш, бина билламаш бу. Цаьрца нийса а догIуш, цигахь йолчу меттигех нийсса ах бен дIалаца бакъо яц церан.

Болх юха дIаболош йолчу банеша, саунаша, бассейнаша, шаьш хьашташ кхочушден долу нах хьалххе дIаязбина хила беза. Ерриге а чоьнашна кхачойина хила езар ю оьшуш болчу дезинфекцин гIирсашца.

Документехь иштта билгалдоккхуш ду социальни юкъ ларъяран кеп галъяккха йиш цахилар, чувогIучун а, белхахойн а дагар ду-дац хьожуш терго латто езаш хилар, санитарно-эпидемиологин бакъонаш а, ткъа иштта, Роспотребнадзоран методикин магораш а лардан дезаш хилар.

Хь.САИДОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: