Масех де хьалха Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Правительствон Председателан заместительца, юьртан бахаман министраца Закриев ИбрахIимца.

Юьртан бахаман декъехь дIадаханчу шарахь бинчу белхан цхьадолу жамIаш а довзуьйтуш, И.Закриевс билгалдаьккхира: «2020-чу шарахь Нохчийчоьнан аренашлелорхоша 458,3 эзар тонна ялта чудерзийна, планаца чудерзон дезаш дерг 415 эзар тонна ялта а долуш».
Вайн Iаламан хьелашкахь дика кхиамаш бу уьш. Делахь а, юьртан бахаман къинхьегамхой оцу кхиамашна тIехь совца ойла йолуш бац. Цара керла декхарш а, Iалашонаш а хIиттийна шайна хьалха. Цаьрга кхачаран лаамца дIабаьхьира цара гуьйренан-аренийн белхаш.
И.Закриевс аьлла ма-хиллара, йокъана хIоттарца доьзна Iаламан хьелаш бегIийла ца хиллехь а, аренашлелорхоша кхиамца чекхдаьккхина гуьйренан ялташ дIадер.
Оцу мехалчу гIуллакхна лаккхарчу жоьпаллица тIебахар бахьана долуш церан аьтто баьлла 164 эзар гектар майданахь гуьйренан ялташ дIаден, планаца 152 гектара тIехь уьш дIаден дезаш хиллехь а.
Цу тайппана планаца билгалдинчул сов, 12 эзар гектара тIехь гуьйренан ялташ дIаден ницкъ кхаьчна вайн аренашлелорхойн. Оцу балха тIехь шайгара доккха хьуьнар а, говзалла а гайтина къаьсттина механизаторша.
Хучиев Муслима 2020-гIа шо кхиамца чекхдаккхарца декъалвира Закриев ИбрахIим.
«Оцу декъехь долчу терахьаша тоьшалла до юьртан бахаман говзанчаша а, аренашлелорхоша а лаккхарчу эвсараллица болх беш хиларна, белхан хенах, техниках, гIирсех кхоамца, говза пайдаоьцуш хиларна», – элира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.
Иштта, цхьаьнакхетарехь дийцаре дира хIокху шарахь дан лерина долу кхин гIуллакхаш а. Къаьсттина тидам тIебахийтира хиш дохкуш йолу аренаш алсамъяхаран декъехь бан безачу балхана.
Хууш ма-хиллара, юьртан бахаман министран дарже хIотточу хенахь И.Закриевна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхахIиттийначу коьртачу декхарех цхьаъ ду республикера хишдахкаран система меттахIоттор.
Кхеташ ма-хиллара, цхьана шарахь кхочушдан ларор воцуш, вуно чолхе, доккха декхар ду иза, хIунда аьлча, тIемаш долчу муьрехь йохийна дIаяьккхина ю хишдахкаран ерриге а система. Иза ерриге а меттахIотто дукха харжаш оьшур ю, техника езар ю говзанчаш оьшур бу. Делахь а, и болх кху шарахь дIаболо безаш бу.
Оцу декъехь дан леринчух лаьцна а дийцира министра. Цо тидам тIебахийтира оцу гIуллакхан мехаллех юьртан бахаман ведомствон говзанчаш а, белхахой а дика кхеташ хиларна.
Юьртан бахам кхиаран новкъахь хилар билгал а доккхуш, Закриев ИбрахIима республикин Правительствон Председательна хаийтира хIокху Iаьнан муьрехь а министерствон говзанчаш а, аренашлелорхой а бIаьстенан-аренийн белхаш дIабахьарна кечамаш беш хилар, цуьнан ойла еш хилар.
Д.ПАШАЕВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де