Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь болх беш ву къона говзанча Шамилов Сахьаб. Иза нохчийн мультипликатор, аниматор ву.

Нохчийн Республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а йовза йоьлла Сахьаба яьхна мультфильмаш. Уьш ю: «Дадин берзалой», «Сан куьг дакъалур даций?» мультфильмаш. Ткъа карарчу хенахь Сахьаб «Яха» мультфильм кечъеш ву.
Школера дахар гойтуш ю иза, хьехархочо дешархочун дахарехь дӀалоцучу меттигах, баккхийчарна хуьлий а ца хууш, беран даг чу тарлучу гӀайгӀанех а, ойланех а, дикачу хьехархочух долучу доккхачу беркатах лаьцна а ю мультфильман сюжет.
РогӀера мультфильм, цул хьалхарнаш ма-хиллара, нохчийн маттахь хилар а ду мехала. Кхин дӀогера чолхе техникин гӀирс я леррина оцу гӀуллакхна къастийна ахча а доцуш, ша цхьамма а йоху цо уьш.
Хууш ма-хиллара, мел йоца мультфильм а йоккхачу кинематографин пхьалгӀахь, говзанчийн дийнна тоба цхьаьна а кхетий йоккхуш ю дуьненахь масанхьа а. Цунах а хаа ду Сахьаб ша лелош долчух кӀорггера кхеташ, ша юьхьарлаьцначу гӀуллакхан тӀаьхьалонан (мультфильмийн ницкъах) синкхетамца лелаш хилар.
Сахьабаца хиллачу цхьаьнакхетарехь цо дийцира шен керлачу проектах лаьцна а, мультфильмаш яхарна ша тӀеварах лаьцна а.
«Сан бералла тӀеман хенахь дӀаяьлла. Жима волуш вайн меттигерчу телевиденин каналехула «ЦӀуцӀи-МуцӀи» мультфильм дуьххьара гича сайн даьлла самукъа, сан даг чохь хилла дозалла, кхаъ, цкъа а дицлур дац. «ХӀара мультфильм сан нохчаша суна яьккхина-кх! Леррина суна а, сан доттагӀашна а! Дерриге а нохчийн берашна а цхьана наха хӀинца мультфильмаш йохуш ма ю», – аьлла дара, коьрте хьаьдда хазахетар. ТӀаьхьуо кхийтира «ЦӀуцӀи-МуцӀи» нохчийн матте гочйина мультфильм бен цахиларх. Воккха мел хуьлу вайн къоман хӀотӀаца йогӀур йолу мультфильмаш яха болу лаам а, сатийсам а чIагIбелира сан».
Оцу муьрехь суьрташ дахкар а марзделлера цунна. Амма нохчийн берашна лерина йолу мультфильмаш нохчийн мультипликатора бен яха а ца еза бохург даг чуьра дӀадолуш а дацара.
Мультфильмаш яхаран некъаш довза хьожуш, анимацин хьаьрмин къайлене кхача гӀоьртича девзира цхьадерш.
Классикин анимацехь санна, суьрташ а дохкуш, царах кадраш а еш, мультфильм ялой хьажа гӀоьртича, цунах гӀуллакх ца хилира цуьнан.
ТӀаьхьуо, кхузаманан технологин таронех (анимацин программех) пайда а оьцуш, обаргах Хасух лаьцна шен дуьххьарлера мультфильм яьккхира цо.
Цул тӀаьхьа «Дадин берзалой» аьлла, мультфильман сереш яьхна (хӀинца 6-чу серина тӀехь къахьоьгуш ву).
ТӀаккха, гочдархочо Петирова ПетӀамата довзийтинчу «Сан куьг дакъалур даций?» дийцарна тIехь мультфильм а яьккхира цо.
«Сан Ӏалашо – берийн самукъадаккхарал сов, церан кхетам нийса кхиорехь гӀо дар ю. Берийн кхетам, наха «дӀаэцале», вайн вешан гӀиллакх-оьздангаллица кхио безаш бу. Кхиъна вогӀучу хенахь, суна чӀогӀа лаьара вайн къоман истори, къоман турпалхой бовза. Школехь яцара вайн мехкан, халкъан и истори йовзуьйтуш йолу предмет. Тахана, вайн берашна гуонаха мостагӀий дукха болчу хенахь, мультфильм онда герз ду. Вайн бераш шайн бух-орамна тӀехь кхуьуш хила деза. Царна хIинца гуш дерг хийрачу нехан оьзда доцу хӀуманаш ду. Цундела оьшу вайна вешан къоман гӀиллакхаш, оьзданиг марздеш, довзуьйтуш болу гӀирс. Ткъа и гӀирс вайн заманахь мультфильм ю», – бохура С.Шамиловс.
Сахьабан хӀора дош даггара хиларх шеко а ца кхоллало. Цунна дукхабеза ша хаьржина болх.
«Яха» мультфильм яккхар муха нисделира хьан аьлла, хаьттача, цо дийцира: «Ас болх бечу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата хьехар дира суна, Нохчийн меттан денна лерина хьехархошна юкъахь дIаяьхьначу дийцарийн конкурсан дакъалацархойн гулар еша аьлла. Иштта, Хьамзата и дийцарш марздира, царна юкъара «Яха» дийцар, мелла а дагахкхетта, мультфильм яккха нийят хилира сан. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Айдамирова Зайдата яздинчу «Яха» дийцаран буха тӀехь йоккхуш ю иза. Школин дахаран мур гойтуш, шен аудитори карор йолуш мультфильм хиларе са а туьйсу. И болх чекхбаьккхина шина баттахь вер ву аьлла а хета со, Дала мукъ лахь».
Вай сатуьйсур ду мультфильме. Ткъа Сахьаб лехамехь а, Ӏалашо йоккха а, хаза а йолуш хиларо дог-ойла гӀаттайо.
Дерзош аьлча, Дала мукъ лахь, нохчийн берашна пайдехь йолу, чулацам кӀорггера а, васташ къеггина а долу мультфильмаш дуккха а хир ю вайн берийн.
З. ЯХЪЯЕВА
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де