Нохчийн маттехула дешархойн олимпиада дӀаяьхьна

Дешархойн нохчийн маттехула хаарш зеран Ӏалашонца а догӀуш, республикин школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна юкъахь республикин олимпиада дӀаяьхьира кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь — Соьлжа-ГӀаларчу Берийн похӀма кхиоран туьшахь.

Билгалдаккха деза нохчийн маттехула йолу хӀорашеран олимпиада кху шарахь вовшахтохарна, дӀаяхьарна жоьпалла Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса Нохчийн меттан институтана тӀедиллина хилар.

Юьйцуш йолу олимпиада Ерригроссин дешархойн хӀорашеран олимпиадин регионан муьран дакъа ду, цул сов, бӀаьста, массара сатуьйсучу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду.

Олимпиада дIайолош дешархошка а, церан Ӏуналла деш баьхкинчу хьехархошка а, дай-наношка а маршалла хоттуш вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира нохчийн маттехула хаарш зуьйш дӀахьочу олимпиадехь дакъалацар йоккха сийлаллла хилар.

Олимпиадехь дакъалоцуш, масала, 9-чу классан 20 а, 10-чу классан 18 а, 11-чу классан 16 а дешархо вара.

9-чу классан дешархоша 12 тӀедиллар кхочушдан а, сочинени язъян а езара. 10–11-чуй классийн дешархоша 14 тӀедиллар кхочушдан а, иштта, сочинени язъян а езара.

Нохчийн маттехула йолчу олимпиадин программа хӀоттийнарш Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахой, «Ас дIалур ю ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторш, Нохчийн Республикин халкъан хьехархой Дудаев Султан а, Абдуразаков Шертбек а, Россин Федерцин дешаран сийлахь белхахой Тутаева Сацита а, Хунарикова ПетӀамат а ю.

Шайн дахар нохчийн маттаца доза лаам болчу Олимпиадин толамхошна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а йолчу филологин факультетан нохчийн меттан кафедре деша баха бакъо хир ю.

Нохчийн меттан институтан директора Хь.Умхаевс дийцарехь, нохчийн литературин дешархойн олимпиада чиллин (февраль) бутт юккъе боьдуш дӀаяхьа лерина ю.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан сацамца, олимпиадин толамхой билгалбахар а, царна совгӀаташ дар а Нохчийн меттан денна леринчу республикин даздаршкахь дIахьур ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: