Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайиллира Нохчийн Республикин физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула йолчу министерствона йина керла гIишло.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н Куьйгалхо Кадыров Рамзан, НР-н Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад, НР-н Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, НР-н Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам, НР-н физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула волу министр Кадыров Хьамзат, НР-н хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана министерствон белхахой декъалбира министерствон керла гIишло схьаелларца, иштта балха тIехь церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира.
– Со тешна ву аш кхидIа а эвсаре а, жигара а къахьоьгург хиларх. Дикачу меттехь нисъелла министерствон керла хIусам. Ас декъалдо шу хIара гIишло схьаелларца, – элира Кадыров Рамзана.

Кадыров Хьамзата баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а министерствона гIишло ярна а, оьшуш болчу гIирсашца гIо-накъосталла дарна а.
Шахидов Адама доIа а дина, цIен аса а хадош, схьайиллира керла объект.
Шен накъосташца цхьаьна министерствон чоьнашка хьаьжначул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Баркаллин кехаташца совгIаташ дира Нохчийн Республикин физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула волчу министрана Кадыров Хьамзатна а, цуьнан заместительна Чингариев Сайд-Эмина а.
«Нохчийн Республикин Физически культурин хьакъволу белхахо» сийлахь цIе елира ТIехьа-Мартан кIоштан спортан школин директорна Кукаев Лом-Iелина.
Нохчийн Республикин Физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула йолчу министерствон керла гIишло йина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан чоьтах.
Цигахь оьшуш мел долу дерриге а хьелаш ду: кхачанан цIа, ламазан чоь, спортан гIирсаш, и.дӀ.кх.а.
I.МУРТАЗОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де