Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман пачхьалкхан театрехь А.П.Чеховн «Хамелеон» дийцаран буха тӀехь хӀоттийна спектакль гайтира кхолламан (январь) беттан 23-чу дийнахь.

Спектакль хӀоттийнарг ву Нохчийн Республикин хьакъволу артист Умаев Рамзан.
Чехов Антонан «Хамелеон» дийцар нохчийн матте гочдинарг Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Исмаилов Абу ву.
Оьрсийн литературин классикан А.Чеховн кхолларалла дуьнен чохь адамийн мекарло, саьхьаралла мел еха яха хьаьхна ю, цундела, цуьнан дийцаршна тӀехь хӀоттош йолу хӀора а спектакль, хьовсархошна даима а мехала ю.
Спектакль гайта магийра Нохчийн Республикин культурин министерствон Экспертийн советан декъашхой цуьнга леррина хьаьвсинчул а, цара къобалйинчул а тIаьхьа.
Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Ӏайшата дӀайолийначу «Культурин хьаьрма» проект кхочушъяран гурашкахь хӀоттийна ю и спектакль.
Нохчийн халкъана дукхабезачу актераша спетаклехь дакъалоцуш хилар боккха кхаъ бара, къаьсттина, Россин Федерацин хьакъволчу артиста Джамаев Ӏимрана а, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Атаев Мовсара а.
Шайна кхаьчна ролаш дика ловзийра Алиев Ӏелас, Бибулатов Юсупа, Масарова Зухрас, Хатуев Денис.
Дешархойн дийнна шарахь аьтто хир бу оцу спектакле хьовса. А.Чеховн говзар йовзар а, нохчийн актерийн похӀме ловзар а дезалур ду аьлла хета царна.
З.ХИЗИРОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де