«Къона говзанчаш»

2012-чу шеран хIутосург (май) беттан 17-чу дийнахь дуьйна дуьненаюкъарчу «WorldSkills International» боламехь дакъалоцуш ю Россин Федераци.

Боламан Iалашо ю белхан говзаллийн сий лакхадаккхар а, студентийн корматаллин дешаран кхиор практикехула чIагIдар а.

Юьхьанца, оцу боламан гурашкахь вовшахтоьхна чемпионат шина субъектехь бен дIа ца яьхьнехь, хIинца Россин ерриге а субъекташ ю «WorldSkills Russia» («Къона говзанчаш») конкурсан чемпионаташкахь дакъалоцуш.

WorldSkills Russia чемпионат дуьххьара Нохчийн Республикин технологийн техникуман студенташна юкъахь 2016-чу шарахь дIаяьхьна. Цу хенахь дуьйна оцу чемпионатехь жигара дакъалоцуш ю вайн регион.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос регионан «Федерация» проектан гурашкахь вовшахтоьхна, лерринчу тидамца, студенташна юкъахь дIахьош ю «Къона говзанчаш» къоман проект.

Оцу проектаца нийса а догIуш, карарчу шарахь СоьлжаГIалин политехникин колледжехь билгалдеш ду корматаллина кечбаран туш схьаеллар. Цо таро лур ю Нохчийчохь юккъерчу корматаллин-дешаран конкуренцина хьуьнаре хилар кхиорна Iаткъам бан.

Техникин говзаллаш даима а оьшуш ю экономика а, промышленность а кхиорехь. Тахана а, уггаре а мехалчех лоруш говзаллаш ю аьчкан пхьар, дечкан пхьар, электрик-инженер, слесарь, тIулгботтархо, механик. Зудаберашна лерина а ю дуккха а мехала говзаллаш.

16 шарера 25 шаре кхаччалц болчу кегийрхойн таро ю оцу проектехь дакъалаца, шайна говзаллаш караерзо. Ткъа проектан куьйгалхоша къоначу говзанчашна белхан меттигаш нисъеш гIо до.

Къоман проектан говзанчаша дийцарехь, карарчу шарахь, схьаелла кечъечу говзанчаш кхиор хьалххе кхочушдаран туьшан цхьанаметта бIе сов стаг Iамо таро хир ю.

ВЕГИЕВА Макка
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: