МЧС-н белхахоша цхьана а дийнахь тидамза дуьтуш дац вайн регионера хиш а, Iаьмнаш а. Леррина белхаш бо хиш тIехь а, Iаьмнаш тIехь а бохамаш ца хилийта.

Хууш ма-хиллара, республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а МЧС-н белхахоша дIахьош бу бохамах бераш лардарна лерина профилактикин белхаш.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло хIокху деношкахь Соьлжа-ГӀалин БойсгIаран кӀоштарчу къорачу а, лерса ледара долчу а берийн лерринчу школа-интернатерчу дешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.
Iаьнан муьрехь берашна хила тарлучу бохамех лардала Iамор коьрта Iалашо йолуш, вовшахтоьхна дара и цхьаьнакхетар. МЧС-н белхахоша коьрта тидам тIебахийтира хинан объекташкахь ларъян езачу бакъонашна.
ХIокху муьрехь ша тIе довларх лардеш (ша кагбаларна чIогIа кхераме ду), хин бохамах муха лардала деза, оцу бохамехь нисвеллачунна муха гIо дан деза дийцира царна. Ишар-талмажца дӀадаьхьира бохамах лардаларх лаьцна хьехам.
Иштта, дийцира стаг хи чу воьдучу хенахь цунна муха гIо-накъосталла дан деза а, «гIо даран пхьуьйшашдоцург» тIе муха юха еза а.
МЧС-н векалша шайн къамелашкахь билгалдаьккхира, уллехь воккханиг воцуш, бераш шаьш хи тIе даха мегарг цахилар. Цу тӀе, дешархойн аьтто хилира цIеяларх ларбаларан бакъонаш йовза а, МЧС-н белхахойн технике бIаьргтоха а, «огнетушитель» муха лело еза Iама а, муьлхачу гIирсо цIеяйарехь хIун гIо до хаа а.
Цул сов, леррина садаӀар лардеш долу духарш а, йовхо юхатухуш йолу костомаш а юхуш, кIеззигчу хенахь цIеяйархой хила а.
Цул тӀаьхьа МЧС-н векалша бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира хьехархошна а, школин белхахошна а.
КАНТАЕВ Абу
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де