Экъанна тIера зилаш

Хила а хиллий те хьалха заманахь нохчийн йоза? Цхьаболчу Iилманчаша и хилла хилар аьттехьа ца дуьту, кхиберш тешна бу нохчийн хьалхалера элпаш дуьненахь уггаре ширачу йозанел шира ду аьлла.

Советийн Iедалан уггаре вон гIиллакх дара сих-сиха кегийчу къаьмнашна тIехтохамаш бар.

Нохчашна даима а дуьхьалдетташ дара ширачу Iадатийн боданера сирлачу, токхечу дахаре даьхна шу Iедало бохуш. Ишттачохь даима а хьахош дара цкъа а ца хилла йоза-дешар делла шуна советийн Iедало, олий.

Амма дIадаханчу ширачу дахаран агIонаш талла ваьлча, хетало, эзар шо хьалха а, нохчийн йоза дуьненахь хилла аьлла. Цунна дукха тоьшаллаш ду. Уггаре а коьрта тоьшалла ду, тIулг хилла, вайн маттахь дисна долу дешнаш.

Масала, «зайл-йоза», зайл – экъа бохург ду. Хаттах йинчу экъанна тIе ирйинчу гIажца йозанаш деш хилла хьалха финикьхоша. Цул тIаьхьа и экъа цIергахь ягайой, чIагIъеш хилла.

Археологин ахкарш деш, бIеннаш и тайпа йоза тIехь долу кхийра экъанаш карийна Iилманчашна Ширачу Мисаран декъа тIехь.

Нохчийн маттахь зайл-йоза бохуш кхетам хиларо тоьшалла до вайнехан дайша шайн дахарера уггаре маьIне болу, чулацаме хиламаш хатта тIе дIаязбеш хилла хиларна.

Кехат боху дош кхин цхьа тоьшалла ду цунна. Оцу дешан этимологин таллам бича гучудолу и дош шина орамах кхолладелла хилар. Царах цхьаъ «ка» ду, шолгIаниг «хатт» ду. Карара хат — аьлла даккхало кехат боху дош хIинцалерчу нохчийн матте.

«Зайл-йоза» даьккхина болчу финикьхойн абатера ткъе шина элпах нийсса ах элпаш нохчийн маттахь маьIна далуш, кхетош ду. Ша, элп боху дош, нохчаша, Iаьрбашкара схьаэцна доцуш, финикьхошкара тIеэцна хила тарло, хIунда аьлча, церан абатан хьалхарчу элпан цIе «алиф» йолу дела.

Сту аьлла даккхало и хIинцалерчу нохчийн матте я цуьнан алар гергара ду хьелий бохучу нохчийн дашна. Бакъду, зайл-йозанан экъанаш Нохчийчохь хIинца а карийна яц. Амма, дукха барамехь, нохчийн лаьмнашкахь карош ю петроглифаш. Оцу дешан маьIна чхаранна тIе чхо яккхар ду я хIинцалерчу маттаца аьлча, тIулга тIехь дина йоза. И йозанаш ган тарло Органан Iин чухула шина а агIор басенашкахь Iохкучу ширачу хIусамийн тулгаш тIехь.

Эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шарахь, нохчий арабахале, Органан цхьана чIожахь Iилманчаша билгалъяьккхинера кхо бIе сов бIов.

Хьалха дIадаханчу дахаран куьзга хилла йолу и гIишлош тахана тIамо йохийна ю. Органан чIожахь хиллачу бIаьвнех йиснарг карарчу хенахь шовзткъе итт гIишло а хир яц. БIаьвнашца цхьана хIаллакьхуьлуш ду нохчийн халкъан историн тоьшаллаш.

Тамашийна ю МуцIарой, Хой, Макажа цIераш йолчу нохчийн лаьмнийн ярташкарчу гIишлошна тIехь карош йолу хьаьркаш.

Цара дагадоуьйту арамхойн, желтойн, финикьхойн йозанаш. ГIараваьллачу Кавказан истори таллархочо Марковина тоьшалла дарехь, лаьмнийн Нохчийчохь, ГIалгIайчохь долчу чхарашна тIехь дукха ду адамийн, акхаройн суьрташ. Уьш, дIадаха хIума доцуш, чIогIа тера ду Месопотамин, Ширачу Мисаран культурах йисинчу хьаьркех. Оцу хьаьркех нохчаша «къевлина йоза» олуш хилла.

Дан а ду и йоза цахуучунна къевлина. Амма дукха хан яц и йоза деша хууш болу нах дIабевлла. Доккха маьIна долуш ю ЦIой-Пхьедарчу цхьана бIаьвна тIехь Iилмачашна карийна хьаьркаш. Цара билгалйоккхуш ерг нохчийн шира рузма ю.

Суьрта тIехь гойтуш бу шийтта бутт. Хьаьркаша шакъастийна ду Iай, бIаьстей, аьхкей, гуьйрей. Билгалъяьккхина ю йокъа хIутту хан, шатайпа хьаьркаца билгалдаьккхина хи. Кхечу тIулгашна тIехь ехкина ю маIаш, беттан сарташ.

Оцу суьртийн мукъамаш Ширачу Месопотамин, Мисаран йозанах йисинчу хьаьркех тера хиларо тоьшалла до хьалхалера нохчий оцу ширачу халкъашца гергало долуш хиларна.

Нохчийн, таханлерчу дийне схьадеана, Iедал ду веллачу стеган чуьрта тIе цуьнан похIма гойтуш сурт диллар: тIемалочунна топ я шаьлта юьллу, пондарчийна пондар буьллу, Iеламстагана суьлхьанаш дохку.

Ширачу Мисарахь а хилла пирIунийн кешнаш иштта кечдеш, веллачо дуьнен чохь волуш дина сийлахь гIуллакхаш дуьйцуш. Тахана а Шемахь, ширачу цивилизацех дисинчу херцаршкахь, хаало нохчийн архитектурин васташ. Уьш хурриташ баьхна меттигаш ю.

Цхьаьннан а шеко ца кхуллу ширачу вайнаханий, хурриташний юкъахь гергарло хилла хиларо. Ткъа хурриташ дуьнен тIе дуьххьарлера алфавит яьккхина халкъ ду. Цуьнан буха тIехь кхоьллина хилла Кавказерчу Албанин (Ширачу заманахь Азербайджанехь хилла оцу пачхьалкхан цхьа дакъа) алфавит а.

Шовзткъе шийтта хьаьрк йолуш, исс мукъа аз долуш, вуно чолхечу меттан абат хилла иза. Кавказерчу Албанин пачхьалкхана юкъабогIуш хилла вайнах а.

Тахана а Iилманчашна къайле хилла лаьтташ бу албанхойн мотт. Нохчийн дешнийн гIоьнца албанхойх дисна шира йозанаш даста гIертар тахана а дIахьош ду. Iилманчаш тешна бу албанхойн алфавитах нохчаша жигара пайдаоьцуш хилла хиларх. Цунна тоьшалла до ширачу бIаьвнийн пенашна тIехь карочу йозанаша.

Албанхойн йоза юкъадаьккхинарг эрмало Месроп ву. Хоренийн Моисейс шен «Эрмалойчоьнан истори тIехь» ма-дийццара, Месропа нохчашна а яьккхина абат.

Ширачу вайнехан дуьнен тIехь уггаре сийлахьчу цивилизацица гIуллакхаллин, оьздангаллин юкъаметтигаш хилла хиларан тоьшалла лаьмнашкарчу бIаьвнийн пенашна тIехь го.

Хаа луучунна дуккха а хIума Iемар ду цIенна тIера цIенна тIе, тIулга тIера тIулга тIе оьхуш, дIадаханчун къайле теллича.

Хьалхазаманахь вайнехан йоза ца хилла бохучарна юха а карладаккха лаьа кехат боху нохчийн дош. Башха воккха Iилманча хила ца оьшу, оцу дешан маьIна йозанан кхийра экъанашца доьзна хилар хаа.

Цхьана а къоман хир дац аьлла хета, нохчийн къоман санна, йоза хилла хиларан оццул къегина тоьшаллаш.

ХАТУЕВ Ӏабдул-Хьамид
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: