Абст-Хьаьжин зерат

Абст-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла Iаларахь. Билггал иза муьлхачу шарахь вина хууш дац. Цуьнца ваIда хиллачеран тIаьхьенех болчу наха дийцарехь, ХIХ-чу бIешеран 30–40-чу шерашкахь вина иза, герггарчу хьесапехь аьлча.

Абст-Хьаьжа накъшбандин тIарикъатехь а, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин мурид а хилла.

Накъшбандин тIарикъат хьеха, довзийта, даржо бакъо елла хилла цунна Лакха Iаларарчу Мата-Хьаьжас. Ткъа цунна и бакъо елла ГIеза-Хьаьжас. Абст-Хьаьжах цунна гуонах болчара Аза-Хьаьжа олуш а хилла, цуьнан ларам беш.

Масех шарахь Мескитахь а Iийна эвлаяъ, юьртарчу маьждигехь имам волуш.

Маьждигехь ша хьехамаш бечу хенахь цо дуьйцуш хилла Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх, цуьнан асхьабех (Дела реза хуьлда царна) лаьцна.

Цо адамаш АллахIах кхераре, хьанал-хьарам къасторе, къинхетаме хиларе, АллахIа шайх къинхетам бар, хIокху дуьненахь а, эхартахь а декъалдар доьхуш доIанаш даре, ламазмарха лардаре кхойкхуш хилла.

Шен ойланаш кхин а чIогIа Кхоьллиначунна тIеяхийта лууш, ворхI шарахь Iаларахь халбатехь Iийна иза.

Абст-Хьаьжа халбатехь Iийначу меттехь даьлла хIинца доккха дитт ду. Цуьнан накъостий хилла Шелара СоIип-Молла, Курчалойн-Эвлара Янгульби-Хьаьжа, Хошкалдара Юсуп-Хьаьжа, Эвтарарчу Баматгири-Хьаьжин кIант Iела, кхиберш. Цаьрца чIогIа гергарло хилла цуьнан.

Оцу халачу хенахь шозза ХьаьжцIа вахана иза. ШозлагIа 1908-чу шарахь вахана Сийлахьчу Макка а, Нуьречу Мединате а.

Эвлаяъ кхелхина Нохчийчохь Советийн Iедал чIагIлучу хенахь – 1924-чу шарахь… Iаларахь дIа а воьллина.

Шайн устаз кхелхича, цуьнан коша тIехь зерат дира цуьнан муридаша. Цунна юххе дIавоьллина цуьнан ши кIант: Халад а, Махьарби-Хьаьжа а.

Нохчийчохь тIом хиллачул тIаьхьа Iаларахь долу Абст-Хьаьжин зерат тодина цуьнан муридаша. Тахана а цуьнан дола деш бу уьш.

С.ХУСЕЙНОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: