«Мукъамийн хьаьрмахь» книга зорбане яккха кечъеш, дуккха а наха гIо-накъосталла дина суна. Хьалхарчу могIаршкахь белхаш бинчу вайнехан иллиалархойх а, эшаршлакхархойх а шайна хуург дуьйцуш, шайгахь йолчу архивийн материалех пайдаоьцуьйтуш, долчо, суьрташ луш. Царах цхьаъ вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, нохчийн меттан говзанча Сумбулатов Дени.
Цо еллачу материалашна юкъара схьаэцна ду «Мукъамийн хьаьрмахь» книги юкъадахана цхьа сурт. Цу тIехь бу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дуьххьара Мепурнов Георгий Христофоровича вовшахтоьхначу нохчийн халкъан мукъамийн гIирсийн оркестран солисташ: Димаев Iумар, Дикаев Жуьнид, Ганукаева Йисита, Иримов. Хьалхарчу кхааннах дерг суна хууш дара, ткъа воьалгIа Иримов суна вуьйцу хезна а, вевзаш а вацара.

Делахь а, нохчийн къоман музыкин культура езачеран синбIаьвнаш хилла дIахIоьттина важа кхоъ хилча, царна уллехь суьрта тIехь волчу воьалгIачух дерг а хаа лира суна.
И вевзаш а, дагавогIуш а стаг ца волуш, дикка хан дIаелира. Къаръяла дагахь со а яцара, ур-атталла суьрта тIехь волчу пондарчин цIе хууш стаг сайна ца каравахь а.
Эххар а, Нохч-ГIалгIайн халкъан артистана Паскаев Рамзанна тIекхаьчча, цунна вевзира суьрта тIера воьалгIа пондарча Иримов, цо йийцира поднарчин цIе а. Иза Иримов Абрам хиллера.
Бакъду, Иримовн нийса цIе Авраам йолчух тера дара, делахь а, церан къоман цкъа мацах лардеш хаза гIиллакх хиллачух тера ду, берана тиллахь а, безачу нехан цIе ца йоккхуш. Цундела, Соьлжа-ГIалахь Iачу хенахь, Иримовх Папа олуш хилла.
Иримов Хаиман кIант Авраам вина Соьлжа-ГIалахь 1916-чу шарахь, ламанхойн жуьгтийн боккхачу доьзалехь. Партизански урамехь Iаш хилла церан доьзал. Авраамана цIена нохчийн мотт хууш хилла, вайнехан кехат-пондар лакха хууш а.
ТIаьхьо Димин Iумаран дешархо хилла Авраам, дийнахь-буса цунна тIаьхьара волуш ца хилла, Дагестан республикин искусствийн хьакъволчу гуллакххочо Матаев Шалумис чIагIдарехь.
1936-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь гIараваьллачу Мепурнов Георгийс вовшахтоьхначу нохчийн халкъан мукъамийн гIирсийн оркестран солист хилла Иримов Авраам.
Димаев Iумарца, Дикаев Жуьнидаца, Ганукаева Йиситица цхьаьна дуккха а концерташкахь дакъалаьцна Иримовс.
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь, немцойн фашисташа СССР-на ямартлонца тIелатар дина, болабеллачу буьрсачу тIеман некъаш вайнехан артисташца цхьаьна гездина Иримовс а.
Вайна массарна ма-хаъара, и луьра тIом дIаболабелла масех де а далале, Россин кхечу регионашкахь санна, Нохч-ГIалгIайн Республикехь а вовшахатоьхна хилла вайнехан артистех концертийн бригада. Цу бригадина юкъахь хилла Зубайраев ЯрагIи, Эсамбаев Махьмуд, Хамидов Iабдулла, Исаева Асет, Ганукаева Йисита, Айдамирова Марьям, Димаев Iумар, Дикаев Жуьнид, иштта дуккха а кхиберш. Цхьана а кепара шеко йоцуш, Иримов Авраам хилла царна юкъахь.
ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха дукха концерташ елла цара. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках баьхча а, цкъа мацца уьш цIабоьрзур буй хууш, Соьлжа-ГIаларчу филармонехь болх беш сецна хилла А.Иримов. Цу хенахь иза, зуда ялийна, боккха доьзал болуш хилла. Амма цо нохчашца лелийна гергарло ца лалуш хиллачух тера ду цхьаболчу зуламхошка.
1946-чу шеран цхьана буьйсанна, чулилхина, и гергарло тIехдетташ, къиза йиттина пондарчина. ТIаккха луларчу Дагестане дIакхелхина шен доьзалца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист Иримов Авраам.
Цуьнан хIусамнана Салихьат Дербентера хилла. Цундела и меттиг Iер-вахарна бегIийла хетта-кх цунна.
Дуккха а шерашкахь Дагестан республикин филармонехь болх бина цо.
1957-чу шарахь вайнах дай баьхначу махка цIабирзича, кест-кеста вогIуш хилла иза вай долчу хьошалгIа. И веача вайн артисташна чIогIа хазахеташ а хилла. Соьлжа-ГIала юха схьавагIахьара бохуш, дехарш дина цуьнга. Амма, цу хенахь, Салихьата вина ялх доьзалхо а волуш, Iер-вахар дIанисделлачу пондарчина юхаван ца лиъна.
1985-чу шеран хIутосург (май) беттан 30-чу дийнахь похIме пондарча кхелхина. ХIинжа-ГIалахь дIавоьллина иза.
ХIинца а, ХIинжа-ГIаларчу Оскаран цIарахчу урамехь цуьнан дедас динчу цIенош чохь, цхьадолу бераш Iаш ду.
ДАЧАЕВА Аза
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де