Муьлххачу а юкъараллин юьхьанцара дакъа ду доьзал. Юкъараллехь хуьлуш долчу диканан а, вонан а хьоста доьзалехь ду. Делахь-хIета, дийнна юкъаралла хьекъале, кхетаме, низаме, ийманехь, гIиллакхе хилар дозуш ду хIора доьзалх, хIора доьзалан дех-ненах, доьзалан хIора декъашхочух. Нагахь санна, вайн массо а доьзал ийманехь, гIиллакхе, оьзда, кхетаме хилахь вайн юкъаралла а хир ю иштта.
Машаран некъа тIе а хIиттина, нохчийн мохк а, халкъ а кхиорехьа дIадоьлхуш ду вай. Вайн сийлахь къилба ду бусалба дин а, нохчалла а. Оцу къилбанах тила амал дац вайн, хIунда аьлча, маршо, нохчалла лардеш, шайн мерза синош дIаделла вайн дайша, наноша. ХIайкал санна, ларъеш, схьаелла цара вайга и сийлаллаш. ТIаккха бакъо юй вайн нохчаллех а, маьршачу дахарх а довла? Яц. Вай и беза ши кхетам (нохчалла а, машар а) цхьаьна балабо нохчийн кIант а, йоI а вайга нохчалла долуш маьрша дахар хилчий бен кхиалург цахиларна.

ТIеман кIуркIаманехь, гIелонехь, Iазапехь, лоллехь долуш ненан мотт Iамалур бац, гIиллакх-оьздангалла, эхь-бехк, яхь, ийман, дайн Iадаташ Iамалур дац. Ткъа уьш дIадевлча нохчи шен амалх вуху, нохчаллах вуху. Цунна балийна вай и ши кхетам цхьаьна, вайга и ший а сийлалла ларъяйта, церан хама байта, и шиъ вовшах къасто йиш цахилар хаийта. Вайга ойла яйта. Леррина. Дуьненан хIуманаш – бIалгIанаш дIа а теттина, диц а дина, цхьана ханна мукъане а. Ойла яйта. Нохчаллин.
Вайн хенарчарна дика дагадогIу ХХ-чу бIешеран чаккхенехь а, ХХI-чу бIешеран юьххьехь а Нана-Нохчийчоьнан массо а юьртахь хилла хьал. ЭхI, ма ирча хьал дара иза. Шен цIахь, шен хIусамехь маьрша цахиларал ирча, лазаме хIун хир ду нохчичунна? Шен доьзалан Iу хила, иза ларбан гIорасиз хиларал доккха вон хIун хир ду нохчичунна?.. Кхин а ду уьш дагардан. Вайн дегнаш айпе дира цара, синош гIелдира. Къаьсттина хIокху махкахь бисинчеран.
Махках бевллачаьргахь, ца бевлла шайн керт, цIа, юрт дIатесна дIабаханчаьргахь а дацара цхьа а хьоьгур волуш хьал. ГIалгIайчохь, Нохчийчоьнан Теркан кIоштахь четарийн лагершкахь хан токхуш болчаьргахь муххале а.
Оцу декъазчу хьолехь бераш кхето, кхио, царна нохчийн гIиллакхаш, дайн Iадаташ довзийта, царна яхь ларъян Iамо вуно хала дара. Дукхахберш и хьехочохь а бацара. Доьзална (берашна) напха лахаран хала дукъ зударийн белшаш тIе дазделлера. Божарий дIасабовла хIуьттуш бацара, тIех кхераме хиларна. Уьш урамехь хаабелча, герзашца болчу наха, герзаш тIе а хьовсадой, коьртах галий а дуллий, дIабуьгура. Царах наггахь верг бен шен кхерча юха ца вогIура. БIеннашкахь бара иштта тIепаза байнарш…
Дийца а, дагардан а дукха ду-кх уьш. ХIинца вай и стенна дуьйцу? Дера дуьйцу цу тайппанчу хьелашкахь халкъ, тIекхуьу къона чкъор къоман амалх оцу хьелаша дохош хилар, цуьнгара нохчалла дIадоккхуш хилар, доьзалан чIагIо йохош хилар гайтархьама.
Оцу хьелашкахь 15 шо гергга хан елира. Дуьне ма-дду дIасабаьржинера нохчий. Шаьш Iийначуьра уьш цIабирзира (доккхах долу дакъа) вайн халкъана, вайн доьзалшна хийра долу гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ дохьуш. Лахделира воккхачун ларам бар, доьзалан да эла хетар дIаделира. Иза напха латторхо вацара доьзалехь. Оцо цуьнан карара мукъ дIабаьккхинера. Кхолладеллачу хьолехь – иза сийсаз хиллера. Сийсаз винера-кх дахаран мехаллаш доьзало йицъярна. Доьзалан корта да хилар берашна бераллехь дуьйна дIахаийтина цахиларна.
Юкъараллехь хIоьттина кризис хIоьттинера доьзалшкахь. Кризис хIоьттира нохчийн гIиллакхашна, дайн Iадаташна, ненан маттана, эхь-бехкана… Доьзалера и кризис бусалба динций, нохчаллиций бен дIаяккхалург цахиларх кхийтира вайн мехкан дай, Iеламнах, Iилманчаш, хьекъал-дай. Нохчийчоь меттахIоттор доьзална тIера дIадоло дезаш хиларх кхетийра цара халкъ. Цу декъехь дерриге а дакъошкахь, тIегIанашкахь гIуллакхаш дIа а долийра.
Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь, тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь дийца долийра доьзалан декъашхойн вовшашца хила езачу юкъаметтигех, вовшашца лело дезачу гIиллакхех, вовшашка хила безачу ларамах, дуккха а кхечунах лаьцна.
Цуьнца цхьаьна маьждигашкахь, хьуьжаршкахь, дешаран кхерчашкахь, кхечанхьа ийманехь кхетош-кхиоран, бусалба дин Iаморан белхаш дIаболийра.
И болх, шо-шаре даларца, тобеш таханлерчу дийне схьакхачийна. Цо, шеко йоццуш, дика тIаьхье а елла. 20–25 шо хьалха хиллачуьнца дуьстича, тIекхуьучу къоначу чкъурехь нохчаллин амалш кхиор дуккха а тоделла. Доьзалшкахь боккха тидам тIебохуьйту нохчийн мотт Iаморна, гIиллакх-оьздангалла марзъярна, дайн Iадаташна тIедерзарна, Даймахке безам кхолларна, кхечунна. Ткъа уьш нохчаллин дакъош ду… Шен дена-нанна муьтIахь воцу кIант (йоI) Даймахкана тешаме хир вац, шен да-нана лоруш воцчо воккханиг лорур вац, шен йишин сий деш воцчу вешо нохчийн йоьIан сий лардийр дац, шен ненан маттана инкарло еш верг нохчи вац я цуьнгахь нохчалла хуьлийла а дац.
Иштта хьехамаш шайн доьзалшкахь беш берш тIаьхьарчу шерашкахь кIезиг ца хаабелла вайна. Шайгарчу масаллица доьзалшна нохчалла марзъеш берш а бу вайна юкъахь дуккха а.
Делахь а, къоначарна а, баккхийчарна а юкъахь болуш бу нохчаллал а, гIиллакх-оьздангаллал а дуьненан бахам лакхара хеташ, эзарнаш шерашкахь шайна зеделлачун буха тIехь вайн дайша кхоьллина гIиллакхаш ца лоруш, къонахалла бохучу дешан мах ца бевзаш берш а. Уьш а бу цхьана доьзалера, цхьана кертара арабовлуш, иэбина мотт буьйцуш лелаш. Ишттачарах эххар а, манкурташ хуьлу, шайн дай а ца бевзаш, шайн дайн кхерч мичахь хилла а ца хууш. Ахчанан, бахаман лай бу уьш, цхьа а сийлалла а йоцуш. Кхане йоцуш ду ишттачу доьзалан дахар. Иза бIарлагIа ю, моттаргIа ю. Цунах ларбала «дарба ду» нохчалла.
Цуьнан чам хIора доьзалехь а бовзийта беза. ТIаккха вайн юкъаралла шайгахь нохчалла йолчу къонахийн а, мехкарийн а юкъаралла хир ю.
С.ХАМЗАТОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де