Дуккха а нехан дегнаш дохош, вайна юкъара дIаваха говза лор, лаккхара Iилма долу нохчийн халкъан тешаме воI Киндаров Заур. И санна волу лор, Iилманча, къонах дIавалар боккха эшам бу вайна массарна.

Буьрсачу тIеман къиза чевнаш дика йирзина йовлаза долчу вайна чIогIа оьшура Заур санна долу хьуьнаре адамаш. Делахь а, лелларг Веза-Воккхачу Делан кхиэл ю.
БелгIатойн-Эвларчу лоьран Киндаров Баронан доьзалехь 1964-чу шеран хьаьттан (август) беттан 14-чу дийнахь вина вара Заур. Дуьнен чу валар а, дешар а Соьлжа-ГIалахь хиллера цуьнан.
1981-чу шарахь Соьлжа-ГIалара №41 йолу юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, дахаран новкъахь шен ден лорах дIаваха Iалашо лаьцна, Дагестан Республикин ХIинжа-ГIаларчу лоьраш кечбечу институтан «лечебное дело» факультете деша вахара иза.
Институтехь доьшучу муьрехь, тоьллачу студентийн хьалхарчу могIарехь цIе йоккхуш вара вайн къона махкахо.
«Хирургия» говзалла караерзош, интернатура чекхъяьккхина, 1988-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин коьртачу больнице балха хIоьттира иза нейрохирургин отделене. Бакъду, дукха хан ялале, шена дукхабезачу балхана юкъара-м ваьккхира къона лор.
Советийн заманахь чIогIа лардеш дара кегийрхоша эскарехь гIуллакх даран низам. Киндаров Зауран а дийзира Даймахкана декхар дIадала.
Доьналлица бIаьхаллин некъашца бакъволчу нохчичун нуьцкъала амал гойтуш, эскарехь цхьа шо даьккхира цо. Цигара цIавирзина масех де далале, ша хьалха болх бинчу Нейрохирургин отделенехь лор-ординаторан даржехь болх бира Заура 1990-чу шарера 1994-чу шаре кхаччалц.
ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь СССР-н массо а маьIIехь карчамаш буьйлабелла, церан дIаьвше хьу Нохчийчоьнах хьерча йоьлча, балхара дIаваьлла, дIавахара иза.
ПохIме лор хазахетарца дIаийцира Дагестанан республикин больнице.
1996-чу шарахь Нохчийчу цIавирзинчу Киндаров Заура вайн махкарчу тайп-тайпанчу больницашкахь белхаш бо, кIорггера шена карайирзина хиллачу нейрохирургин говзаллица.
2000-чу шарахь шен хаарш тIедуза, Москва, аспирантуре деша воьду.
Дерриге а дуьненна евза Россин лоьрийн Iилманийн Академина юкъайогIу академикан Н.Н.Бурденкон цIарах йолу Нейрохирургин Iилманийн-талламан институт яра Киндаров Заур аспирант хилларг.
Кхаа шарахь дийшира цо оцу Iилманан кхерчахь. 2004-чу шеран чиллин (февраль) беттан 24-чу дийнахь, медицинин Iилманийн кандидат хуьлуш, диссертаци чIагIйира Заура.
«Диагностика интрамедуллярных опухолей с целью выработки тактики лечения» яра цо чIагIйинчу диссертацин тема.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Нохчийчохь буьрса кхихкинчу тIемаша дебийначу сингаттамаша даржийначу чолхечу цамгарийн хьолах кхеташ волчунна хуур ду мел чIогIа оьшура вайна и тайпа говзанчаш.
Масех шарахь болх бира говзачу лоьро вайн махкахошна дарбанца орцахвуьйлуш. Лоьран цIе юьйцуш яра цуьнан беркатечу куьйгашкахь дарба карийначу мискачу наха. И вуьйцу хезна дуккха а нах цунна тIекхача лууш хуьлура, цо диагноз хIотторе а, дарба даре а сатесна. ХIоранца бийца лоьрана мотт карабора, хIораннан дог-хьаста хаьара цунна.
Олуш ду халкъалахь: «Хазачу хабаро лазар дайдо». Ткъа Киндаров Заурах бIаьргкхетча, лазар дайлуш санна хетара цуьнан дархошна.
2007-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультетан декан вара З.Киндаров, ткъа 2011-чу шарахь университетан проректор а хIоттийра иза.
Лоьрийн Iилманийн къайленаш йовзийтина ца Iаш, студенташца хаддаза кхетош-кхиоран болх дIахьош вара проректор.
«Лор хиларх тоьаш дац, шуьгахь собар а, къинхетам а бацахь», – олура цо шен студенташка.
Массо а хIуманал коьрта лоьруш вара Заур нохчаллах къилба дина вахар. ВорхIе дех дисина нохчийн халкъан оьзда гIиллакхаш, хIайкал санна, лардечу кхерчара схьаваьлла вара Iилманча. Цундела, шен студенташна и гIиллакх-оьздангалла марзъялийта, цIийх йолийта лууш, чIогIа къахьоьгуш вара иза.
2012-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент вара Киндаров Заур. Ткъа 2014-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 25-чу дийнахь, дуьненна вевзачу Iилманчин Н.А.Семашкон цIарахчу медицинин Iилманийн-талламан институтехь, медицинин докторан диссертаци чIагIйира Киндаров Заура. Диссертацин тема яра «Научное обоснование совершенствования организации нейрохиругической помощи в субъекте Российской Федераци».
2016-чу шарахь дуьйна медицинин Iилманийн доктор Киндаров Заур «Российский фонд фундаментальных исследований» цIе йолчу ФГБУ-н декъашхо вара.
Цуьнан хьанал къинхьегам тидаме эцна, вайн республикин куьйгалхоша цунна дина дуккха а совгIаташ, елла сийлахь цIераш яра.
COVID–19 ун даьржича, иза ца къаьхкира дархойх, ша ларвала лууш цхьанна а пе тоьхна, юха ца велира. Буьрса кхехкачу тIамехь фронтан хьалхарчу зилехь волуш санна, Заур, де-буьйса ца лоьруш, вайн могашаллина гIаролехь лаьттира, хила тарлуш дерг шена хуъушехь.
Цкъа мацах безаш юьхьарлаьцначу шен белхан декхарш кхочушдар мехала хийтира турпалчу лоьрана. И декхарш кхочушдеш, шен оьзда дахар цо дIаделира, кху малх кхетачу дуьненахь вай могаш-маьрша, бертахь дахийта. Дала гечдойла цунна!
Вайх хIорамма а дагахь латтон хьакъдолуш говзанча а, дика стаг а вара Киндаров Заур.
ГАЗИЕВА Аза
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де