Керлачу лакхенашка – таронех буьззина пайда а оьцуш

Нохчийн Республикин физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула йолчу министерствос тIаьхьарчу шерашкахь боккха болх дIабаьхьна бераш, кхиазхой, кегийрхой спортана юкъаозоран, царна спорт марзъяран декъехь.

Оцу Iалашонца дуккха а спортан гIишлош, майданаш, залаш, дийнна комплексаш йина республикин ярташкахь, гIаланашкахь. Цунна бIаьрла масал ду 2020-чу шарахь дина гIуллакхаш.

Оцу шарахь министерствос, «Спорт – дахаран кеп» регионан проект кхочуш а еш, кхоччуш дика тойина Нохчийчуьра цхьамогIа спортан объекташ. Царна юкъахь ю «Гумс» ФСК (Гуьмсе), «Ахмат» СОЦ (Ведана), «Рамзан» футболан академи (Соьлжа-ГIала), боксан РСШОР (Устрада-ГIала), спортан латаран РСШ (Чечана).

Искусственни керла бай буьллуш, тойина С.Билимхановн цIарахчу спортан комплексан футболан майда. Изза болх бина Нажи-Юьртан кIоштарчу №2 йолчу спортан школехь. Вадаран некъаш а дохкуш, искусственни бай болу футболан майда а еш, керлачу куьце ялийна «Гумс» ФСК (Гуьмсе).

Спортан-технологин керла гIирсаш дIа а хIиттош, спортан кхо майда а йина… Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртахь физкультурин-спортан комплекс а йина.

ТIехула тхов а болуш, спортан манеж ян йолийна Соьлжа-ГIалахь. Иза яран болх дикка жигарабаьккхина министерствона куьйгалле Кадыров Хьамзат веанчул тIаьхьа.

Герггарчу хенахь республикин коьртачу шахьарахь, «Спорт – дахаран кеп» проект кхочуш а еш, ян йолор ю заьIапхошна лерина физкультурин-спортан комплекс. Цу тайппана комплекс йийр ю Курчалой гIалахь а, Эвтарахь а.

Воккхавевеш бу 2020-чу шарахь вайн спортсменаша баьхна кхиамаш. Цара дакъалаьцна ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь.

Оцу шарахь Нохчийчуьрчу 300 гергга спортсменна Россин спортан мастеран кандидатан цIе елла, 80 сов спортсменна Россин спортан мастеран цIе елла, кхаа спортсменна дуьненаюкъарчу классан мастеран цIе елла, ткъа вайн 2 спортсменан аьтто баьлла спортан хьакъволу мастер хила.

Россин тайп-тайпанчу спортан кепашкахула вовшахтоьхначу командашна юкъахь волуш, къийсадаларшкахь дакъалаьцна вайн республикерчу 320 спортсмена. Цул хьалхарчу цхьана а шарахь Нохчийчуьра оццул дукха спортсменаш ца хилла Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь. Иза боккха кхиам бу вайн спортсменийн санна, церан тренерийн а, министерствон говзанчийн а.

Нохчийчохь тIаьхьарчу шерашкахь тIеттIа шуьйра даьржаш ду Ерригроссин ГТО (Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а) проект кхочушъяр.

Пандеми йолчу чолхечу муьрехь а, 2020-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнера асаран (июнь) беттан 1-ра де тIекхаччалц Россин спортан министерствос дIаяьхьначу («#соКийчаву») «#яГоТОв» акцехь дакъалаца аьтто белира вайн спортсменийн.

Беа муьрехь дIаяьхьначу акцин жамIашкахула Нохчийчуьрчу командо хьалхара меттиг яьккхира. Нохчийн Республикин ГТО-хула йолчу вовшахтоьхначу командо дакъалецира Кисловодскехь дIадаьхьначу дуьххьарлерчу «ГТО-н ловзаршкахь»… Россерчу 32 субъектера спортсменаш бара цигахь дакъалоцуш. Нохчийчоьнан вовшахтоьхначу командин шина декъашхочун аьтто белира цигахь ши кубок яккха (лични зачет).

Цуьнца цхьаьна, министерствос Соьлжа-ГIалахь, кхиамца вовшах а тоьхна, лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьира яккхий спортан мероприятеш. Царна юкъахь яра Кавказерчу халкъийн культурин а, спортан а фестиваль, студентийн спортан фестиваль, «ТIаьхьенийн зIе» цIе йолу баскетболан турнир, езачу атлетикехула Россин чемпионат, спортан латаран Россин чемпионат, кхиерш.

Нохчийчоьнан физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула йолчу министерствос, ткъа иштта, вайн корматаллин спортсменаша, республикин бахархоша дакъалецира, «Спорт – дахаран кеп» федеральни проект кхочуш а еш, Россин спортан министерствос дIахьочу акцешкахь а, эстафеташкахь а.

И дерриге а гIуллакхаш дIадахьа аьтто хилла хир бацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарачу юкъараллин фондо а гIо дина ца хиллехь.

Хууш ма-хиллара, Нохчийчоьнан Куьйгалхо ша а ву спортаца юххера гергарло долуш а, иза чIогIа езаш а. Иза даима а воккхаве вайн спортсменийн кхиамех. Царна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина цо. Иштта, Кадыров Рамзана хаддаза шен тергонехь латтадо спортана мелла а алсам бераш, кхиазхой, кегийрхой юкъаозоран гIуллакх.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш, вайн спортан министерствон куьйгалло керла Iалашонаш хIиттийна шена хьалха, спортан керла объекташ ярехь а, йолуш ерш тоярехь а, спортана къона чкъор юкъаозорехь а, спортан олимпийски а, корматаллин а кепашкахь керлачу кхиамашка кхачарехь а.

Министр Кадыров Хьамзат тешна ву 2021-чу шарахь вайн бахархошна Нохчийчоьнан спортсменаша дуккха а хазахетарш дохьург хиларх… Цунна хетарехь, тахана а йолуш ю шайх пайдаэцаза йисина таронаш.

Хь.САЙДАЕВ
№8, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: