Некъан болам кхерамаза хилийтарна кхачояр Нохчийчоьнан куьйгаллин тергонехь долчу декхаршна юкъахь коьртачарах цхьаъ ду. Оцу балха тIехь тоьллачу гайтамашка кхачаран Iалашонца, масех шо хьалха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указаца регионехь кхоьллира некъашкахь хуьлуш болчу некъан-транспортан бохамийн барам лахбаран каде штаб.
Дуккха а шераш ду некъашкахь долу хьал тодарна тIехьажийна регионехь болх дIахьош болу. Цара таро хилийтина некъашкахь бохамаш хилар, адамаш лазор хаъал лахдан.
Масала, республикин некъашкахь 2020-чу шарахь хьесапе эцна некъан-транспортан 233 хилам. Цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича, 9,4 процентана лахбелла и гайтамаш. Иштта, 19,2 процентана лахбелла оцу хиламашкахь кхелхинарш а, лазийнарш – 15,8 процентана.
ДIадаханчу шарахь республикехь хьесапе эцна некъан бакъонаш талхийна 900 эзар сов меттиг. Царна юкъахь светофоран хаам хьесапе цаэцар – 4 291 меттиг, дуьхьал йогIучу машенийн асанна тIебовлар – 2 664 меттиг.
Шен цхьана интервьюхь Россин МВД-н Нохчийн Республикехула йолчу УГИБДД-н хьаькама Черхигов Идриса ма-дарра дийцира некъашкахь долчу хьолах лаьцна.
Цо чIагIдарехь, урхаллин белхахоша жигара болх дIахьо некъан-транспортан бакъонаш талхорна дуьхьал профилактика ярехь.
– Вай тешна ду регионан некъашкахь долу хьал, шо-шаре даларца, толуш хиларх. Амма, хIетте а хуьлийла лууш болчу гайтамашка ца кхаьчна. Коьртачарах цхьа лазам бу фото-видеокамерш шайн дуьхьа хIиттош хиларх адамаш кхета туьгуш цахилар. Царна хетарг цхьаъ ду: зен дан гIерта. Ткъа камерш хIиттайо шофер я гIашло хила тарлучу вочу тIаьхьенех ларван Iалашо йолуш. Церан коьрта декхар ма ду шофер, некъан боламан кхиболу декъашхой лазорах я Iожаллах хьалхабахар, ткъа иштта, некъашкахь некъан боламан бакъонаш ларъярна кхачояр, – элира И.Черхиговс.
Цо билгалдаьккхира и санна долу гIуллакхаш дуьххьалдIа вайн регионехь дIадаьхьна ца Iаш, берриге а махкахь дIахьош хилар, цхьайолчу регионашкахь беш болу лехамаш дикка алсам а болуш.
Некъашкахь кхерамазаллин хьал тодаран гIуллакхаш дийцаре дира, шена коьртехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а волуш, дукха хан йоцуш, дIаяьхьначу некъашкахь бохамаш хилар лахдарехула йолчу кадечу штабан рогIерчу кхеташонехь.
Иштта, цигахь дакъалоцуш вара РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, регионан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, бакъонашларъяран органийн куьйгалла.
Кхеташонехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира некъашкахь бохамаш хилар лахдарна тIехьажийна дIахьош болчу балхо, дийнна схьаэцча, дикачу гайтамашка кхачийна хилар.
Ша аьлча, цо тидам тIебахийтира некъан-транспортан бохамехь уггаре кIезиг эшам хилларш хьесапе оьцуш дIаяьхьначу ерригроссин рейтингехь стохка республико хьалхара меттиг яьккхина хиларна а, оцу чолхечу балха тIехь баьхна кхиамаш, коьртачу декъана, некъашкахь бохамаш хилар лахдарехула йолчу кадечу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада динчу гIуллакхех доьзна хиларна а.
Баьхначу кхиамашка хьаьжна доцуш, билгалдаьккхира регионан Куьйгалхочо, къастоза дуьсуш ду мехала цхьамогIа гIуллакхаш, водителийн доккхачу декъо даккхий талхораш хуьлуьйту некъашкахь. Хьалха декхар хIоттийра водительша хаддаза деш долу талхораш республикехь дуьззина дIадахар.
Оцу балхах долу жоьпалла Р.Кадыровс тIедиллира регионан правительствон председателан нуьцкъаллин блркехула волчу заместительна Висмурадов Абузайдана.
Оццу деношкахь некъан-транспортан хиламех лаьцна «Грозный» ЧГТРК-н студехь дIаяьхьначу передачехь (ток-шоу) А.Висмурадовс дийцира кадечу штабан балхах, хьал хIора дийнахь толуш хиларна тидам тIе а бохуьйтуш.
– Оперативни штабан белхан жамIех дерг ала цкъачунна хьалхе ду. Вай профилактика яран гIуллакхаш дIадахьа деза республикин ерриге а кIошташкахь. Хьалха кадечу штабо боккха болх дIабаьхьна, изза дан хьовсур ду тхо, некъашкахь долу хьал тодарна тидам тIе а бохуьйтуш. Оцу декъехь жигара болх беш ю Россин МВД-н Нохчийн Республикехула йолу УГИБДД, цунна массо а агIор гIо до кадечу штабо. Тхешан болх дIаболош, уггаре а хьалха, тхуна дуьхьал хIиттинчу халонех яра водительш дуьхьал йогIучу машенийн асанна тIебовлар, хаамаш баран билгалонаш а, светофораш а хьесапе цаэцар. Дуккха а халонаш хIиттайо тхуна хьалха билгалйина йоцчу меттигашкахь гIашлой дехьа-сехьа бовларо а. Дерриге а доьзна ду адамех шайх, церан кхетамах. Карарчу хенахь болх дIабоьду башха яккхий чолхаллаш йоцуш, хIора дийнахь толуш ду некъашкахь долу хьал, – элира цо.
Уматгириев Тамерлан: некъан боламан хIора декъашхочунна тIехь жоьпалла ду ша новкъахь лелочух.

Чекхдаьллачу шеран жамIех а, карадеанчу шеран юьххьехь дуьйна Нохчийн Республикехула йолчу ГИБДД-н белхахоша регионан некъашкахь бинчу балхах а лаьцна дийцира ГИБДД-н урхаллин хьаькаман заместитела Уматгириев Тамерлана тхан газетана ша еллачу интервьюхь.
– Некъашкахь кхерамазаллина кхачояр республикин куьйгаллин политикин коьртачу декхарех цхьаъ ду. Цунна тIехь хаддаза таллам а латтабо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу гIуллакхашна тIехь мел кхиамаш баха аьтто белира шун ведомствон 2020-чу шарахь, мел боккха бара дIабаьхьна болх?
– Бакъду иза. Некъан боламан кхерамазаллина кхачояран гIуллакхаш коьртачарах ду вайн регионан куьйгаллина а, дийнна мехкан куьйгаллина а. Цундела, РФ-н Президентан Путин Владимиран указаца, махкахь тIеэцна къоман «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» аьлла йолчу проектана юкъайоьдуш йолу федеральни «Некъан боламан кхерамазалла» проект. Иза гIуллакх деш хир ю 2030-гIа шо тIекхаччалц. Ерриге а Россехь 100 эзар вахархочунна леринчу хьесапехь бохамашкахь кхелхиначеран барам 4 стаге кхаччалц лахбар билгал а до цо. ХIора а шарахь, Россин некъашкахь, шайна юкъахь вайн республика а йолуш, хаддаза алсамболуш бу транспортан гIирсийн барам. Тахана вайн регионехь хьесапе эцнарг 360 эзар сов автотранспорт ю. Царна юкъа ца йоьду республикехула чекхйолуш ерг а, мехкан кхечу регионашкахь хьесапе эцнарш а. Цуьнца доьзна ду некъан боламан кхерамазаллин гIуллакхашна оцу кепара сел боккха тидам тIебахийтар. Нохчийн Республикин некъашкахь дIахьош болу профилактика яран болх хиндолу талхораш цадайтарна тIехьажийна хилла ца Iаш, хIинцале а, водительша санна, гIашлоша а динарш гучудахарна тIехьажийна бу. Машенийн дайшна юкъахь дIахьош болчу кхеторан балхахь жигара дакъалоцу регионан Iедало а. Оцу балхана юкъаозийна ерриге а министерствош, ведомствош, кхеташ ма-хиллара, Iеламнах а. Динан векалш бацахьара, тхуна хала хир дара некъан боламан бакъонаш ларъян езаш хиларх адамаш кхето. Цара доккха гIо до вайн некъашкахь кхерамазалла лакхаяккхарехь.
– Некъан-транспортан бохамаш хиларца а, некъан боламан талхораш хиларца а доьзна, профилактика яран Iалашонца муьлха гIуллакхаш дина урхалло 2020-чу шарахь?
– Тайп-тайпана ду ГИБДД-н урхалло профилактика яран Iалашонца дIахьош долу гIуллакхаш. Царна юкъахь ю «Тидаме хила, гIашло», «Оьзда гIашло», «Оьзда водитель» санна йолу акцеш. Уьш дIахьочу хенахь, пачхьалкхан автоинспекцин белхахой водительша дина талхораш гучудаьхна ца Iа, цара, иштта, министерствийн, ведомствийн векалийн гIоьнца, йовзуьйту некъан боламан бакъонаш, кхойкху уьш ларъяре. Профилактикин гIуллакхаш, иштта, дIахьо регионан юкъарадешаран учрежденешкахь. Хьесапе эца деза хIора дийнахь 350 эзар сов бер некъан боламан дакъалацархой хуьлий, дIахIуьттуш хилар. Оццул дукха бераш новкъахь, биъ некъ къаьстачохь, дехьа-сехьа довлучу меттигашкахь хуьлуш хиларо кхитIе а халонаш кхуллу автотранспорт дIасалеларна. Цундела бераша а ларъян еза новкъахь кхерамазаллин бакъонаш. Нагахь уьш ледара евзаш меттиг нислахь, бохаман тIаьхьенашка дерза тарло гIуллакх. Цуьнца доьзна, ГИБДД-н белхахоша хаддаза дIахьо дешархошна юкъахь кхеторан болх. Стохка оцу кепара профилактикин къамелаш хилира регионан юкъарадешаран ерриге а учрежденешкахь, аьлча а, 1 500 цхьаьнакхетар хилира берашца. Берашца профилактикин гIуллакхаш дIахьо урамашкахь, паркашкахь, берийн майданашкахь, ша аьлча, ГИБДД-н урхаллин хьаькама тIедилларца, аьхка пропаганда яран белхахоша тайп-тайпанчу майданашкахь, скверашкахь вовшахтуьйхира конкурсан кепара тайп-тайпана гIуллакхаш. Царна юкъаозадора юххехула тIехдовлуш долу бераш а. Царах некъан боламан бакъонаш дика хуучарна урхаллин хьаькаман цIарах совгIаташ дора вилспеташца, самокаташца, кхечуьнца.
– ГИБДД-н урхалло пропагандин боккха болх дIахьош белахь а, хIинца а кIезиг яц водительша талхораш деш меттигаш. Стенца доьзна ду аьлла хета хьуна иза?
– Вайн водительша, дукха хьолахь, кхочуш ца бо некъан боламан бакъонаш ларъяран лехамаш. Масала, некъан боламан дакъалацархошна новкъахь хийцамаш хуьлуш буйла хоуьйтуш йолу поворотник шен хеннахь латаяр. Цхьаболчу водительша пайдабоццу талхор лору иза, амма цо Iаламат боккха Iаткъам бо некъан боламан кхерамазаллина, цу тIе, стеган культура (оьздангалла) а йовзуьйту. Оьздачу стага, дуьйцийла йоццуш, кхочушбан беза ПДД-н берриге лехамаш. Амма, халахеташ делахь а, вайна гуш ду дукхахболчу водительша иза пайдабоцу талхор лоруш хилар. Цара ойла ца йо хила тарлучу тIаьхьенан. Некъан боламан бакъонех хIора а, бакъонца, цIийца язйина ю, хIунда аьлча, иза талхор бахьанехь, дерриге дуьненахь иттаннаш, бIеннаш эзар адамаш хIаллакьхилла хиларна. Цундела доккхачу жоьпаллица тIедаха деза некъан боламан бакъонаш ларъярна.
– ТIаьхьарчу цхьана кхеташонехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира регионан некъашкахь деш долчу талхорийн барам а, ткъа иштта, некъан боламан бохамаш а лахбарна тIехь латтош болу таллам чIагIбан безаш хилар. И гIуллакхаш кхочушден волу кадечу штабан куьйгалхо хIоттийра республикин правительствон председателан заместитель Висмурадов Абузайд. Хьуна хетарехь, муха Iаткъам бийр бу цо некъашкахь долчу юкъарчу хьолана?
– Вайна массарна а хууш ду регионан некъашкахь бохамаш хилар лахдарехула йолу каде штаб Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца кхоьллина хилар. Хьалха цунна куьйгалла деш вара республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, ткъа хIинца республикин Куьйгалхочун указаца штабана тIехь урхалла дар тIедиллина нуьцкъаллин блокехула волчу вице-премьерана Висмурадов Абузайдана. Вайн регионехь некъан боламан кхерамазалла хилийтаран а, оццул дукха некъан-транспортан бохамаш хиларца къийсам латторан а гIуллакхаш тIехь билггал декхар хIоттийначу дийнахь дуьйна Абузайда хаъал жигарабаьккхина штабан болх, дакъалоцуш Iедалан дерриге а дакъош а долуш. ГИБДД-н хьаькамца, министерствийн векалшца цхьаьна кадечу штабан куьйгалхо ерриге а кIошташкахь хилла, цигахь мехала кхеташонаш дIаяьхьна, дакъалоцуш кIоштийн куьйгалхой, къеданаш, маьждигийн имамаш, яртийн куьйгалхой, къаной, лараме нах болуш. Бахархошна юкъахь ларам болуш долчу ишттачу адамийн дош, бина кхайкхам доккха маьIна долуш гIуллакх ду. Бакъду, тхуна чIогIа мехала ду оха беш болу кхайкхам Iедалан лехам санна тIе ца оьцуш, ткъа вешан динна, культурина, эхь-бехкана хьалха тIелацам санна тIеэцар. Некъан боламан хIора дакъалацархо а, новкъахь ша лелочух жоьпаллехь а ву. Иштта, кхеташонаш дIахьо и тайпа хаамаш ларамечу адамашка дIакхачоран Iалашонца, халкъана юкъахь уьш баржабайтархьама. Иштта жигарабаьккхина пачхьалкхан автоинспекцин белхахоша дакъа а лоцуш беш болу кхеторан болх, алсамдаьхна водительша а, гIашлоша а дина талхораш гучудахарна тIехьажийна деш долу гIуллакхаш.
– ХIун дан билгалдеш ду республикин Куьйгалхочун тIедахкарш кхочушдарна тIехьажийна, кечйиний билггалчу гIуллакхийн план?
– Автоинспекцин планашна юкъадоьлху республикин некъашкахь бохамаш хилар лахдарна тIехьовсийна долу профилактикин дерриге а гIуллакхаш. Иштта, Iалашо ю адамийн кхетамна Iаткъам бар а. Царна юкъабогIу водительш санна, гIашлой а. ГIашлошна цкъацкъа шаьш даима а бакъ бу моьтту. Вай кхета деза некъашкахь кхерамазалла хилийтаран гIуллакхашкахь гIашлой, водительш, пассажираш бекъа вайн моральни а, законан а бакъо цахиларх. Вайх хIора а хила тарло некъан боламан дакъалацархо. Машена чуьра охьавоьссинчу водительх гIашло хуьлу, ткъа нехан машена хиъча – пассажир. Кхузахь билгалдаккха догIу гIашлойн агIорхьара бакъонаш талхош берш, дукхахберш, зударий хилар – вайн наной, йижарий. Цкъацкъа чIогIа цадезало шайн берашца цхьаьна зударий бакъо йоцчу меттехула дехьа-сехьа бовлуш. Иза дарца цара вуон масал гойту тIекхуьуш долчу чкъурана. Бакъонаш ваьш ларйина ца Iаш, вай берашна гайта деза новкъахь муха лела веза, некъо боккха кхерам кхуллуш хилар, берашна хIора дийнахь дийца а дуьйцуш. И болх оха жигара дIахьош а бу, тIейогIучу хенахь дIа а хьур бу некъан боламан дакъалацархойн дахар, могашалла Iалашъяран дуьхьа.
– Хьалхарчу рогIехь талхорийн муьлхачу тайпанашна тIебохуьйтур бу аш коьрта тидам? Мел чIагIдийр ду таIзарш?
– Коьрта тидам оха тIебохуьйту вуон тIаьхьенаш лур ю аьлла хетачу талхорашна. Иза, хьалхарчу рогIехь, чехкалла алсамъяккхар, дуьхьал богIучу некъан асанна тIевалар, светофоран дIасавахар доьхкуш йолчу билгалонах тIехвалар ду. Вай массо а кхета, кхидолу талхораш хьесапе ца эцча а, дукхах болу некъан-транспортан бохамаш чехкалла лакхаяккхарца боьзна хиларх. Цундела тхан коьрта декхар ду новкъахь сихвала мегарг цахилар водительшка дIакхачор. Муьлхха а тайпа сихвалар кхерам тIехIотта тарлуш хиларца доьзна ду. Лакхара чехкалла бахьанехь хиллачу некъан-транспортан бохамо тIедаладо адамаш чIогIа лазорна я кхалхарна. Нагахь ишттачу хиламехь чехкалла лакхаяьккхина яцахь, машен йохор бен кхин зен ца хуьлуш доьрзур ду гIуллакх. Цуьнца доьзна, ГИБДД-н урхаллин куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту кхитIе а фото-видеофиксацин объекташ хIитторна. Оцу декъехь болх беш йолчу министерствошка, ведомствошка оха кхойкху вайн регионан некъашкахь чехкаллин раж нисъеш йолчу объектийн дукхаллин барам алсамбаккхаре. Тхуна иштта луур дара камерш хIиттор чехкаллин раж талхорна профилактика яр санна адамаша тIеоьцийла. Уьш хIиттайо некъан кхерамечу меттигашкахь, хьаналчу водительшна цхьа а тайпа хьовзам а ца боккху цара. Амма, нагахь вай чехкалла лакхаяккхахь, ПДД-н бакъонаш талхош делахь, жоп дала дезар ду.
– Республикин бахархоша, ша аьлча, машенийн дайша муха тIеоьцу ПДД талхорна деш долу таIзарш чIагIдар? Мел мехала ду иштта сацам боллуш долу гIуллакхаш тIеэцар?
– ДIахьош долчу профилактикин гIуллакхашка хьежар тайп-тайпана ду бахархошна юкъахь. Муьлхха а тайпа бехкам психологически тIе ца оьцу некъан боламан дакъалацархоша. Вай кхета деза муьлхха а бехкам, профилактика яран гIуллакхаш, уггаре а хьалха, лараме гражданаш некъан боламан дакъалацархойн дахар, могашалла ларъярна тIехьажийна хиларх. Цундела оха доьху гражданашка и тайпа гIуллакхаш кхетарца тIеэцар. Тхо кхета адамашна хетарш тайп-тайпана хиларх, амма царах дукхахболчара гIолоцу вайн дахар, могашалла ларъярна тIехьажийна деш долчу гIуллакхийн.
– Къамел дерзош хIун эр дара ахь Нохчийн Республикерчу водительшка?
– Вайн бахархошка оха кхойкху ПДД дIаса ца таьIIаш ларъяре. Вайх хIоранна а хаа деза – водительна, пассажирна, гIашлочунна – некъашкахь долчу хьолах жоьпаллин билггал йозалла вайна тIехь юйла. Вайх хIораммо а шен хазна йилла еза оцу гIуллакхна юкъа. Нагахь вайна цхьамма ПДД талхийна меттиг гинехь, ишттачарах тар а ца луш, дика масал гайта деза. Уггаре а коьртаниг ду бакъонаш талхийначеран Iаткъамах лардалар. Цундела дика масал гайта деза некъан боламан бакъонаш талхош болчарна. И болх ГИБДД-н белхахоша дIабаьхьна ца Iаш, кхетамечу хIора гражданина, бусалба стага бан а беза. Иштта бу тхан кхайкхам.
Материал зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№7, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де