122 — COVID-туьшийн цхьааллин номер

Россин кхийолчу субъекташкахь а санна, Нохчийчохь а болх беш ю COVID-19-н хьокъехьчу хаттаршна лерина туш — цхьааллин 122 номер.

Оцу номера тӀе телефон тохар маьхза хилар хоуьйту Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствос.

122-н гӀоьнца аьтто бу бахархойн лор а, медицинин сихачу гӀоьнан машен а кхайкха, иштта, коронавирусан инфекцица доьзнарг хатта а.

Ковид-туьшан говзанчашка телефон хӀора а дийнахь тоха йиш ю:

  • белхан денош / 09:00 — 18:00;
  • мукъа денош / 09:00 — 17:00.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: