Туризман министерствос Даймахкахула гуо таса кхойкху

Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствон куьйгалла 2021-чу шарахь дуьххьарлера гӀаш некъ бар вовшахтоха дагахь ду чиллин (февраль) беттан 13-чу дийнахь.

Телевизорийн я телефонийн экранашна тӀехь бен Даймохк ца гуш, кхузаманан хьелаша шайн-шайн хӀусамийн а, кабинетийн а «йийсархой» а бина Ӏаш болчу нахана, дог-ойла гӀаттош, дика бахьана ду аьлла хета иштта некъ беш, Даймахкахула гуо тосуш, чекхбовлар.

Ӏаламехь, цӀеначу хӀаваэхь садаӀар дезачу нахана Нохчийн Республикехула кхочушъян билгалъяьккхина маршрут ю «Дахаран хьоста» аьлла.

Иштта, Къоьзан-Ӏома йисттера дӀадуьйладелла, Веданан кӀоштарчу Буне юьрта кхаччалц некъаш гездийр ду. Цунна юкъа «Хой – некъахойн кӀотар» аьллачу музей чу хӀиттар а, цул тӀаьхьа АьхкатӀай хин чӀожехула чекхдовлар а догӀу.

Цигахь туристийн аьтто хир бу нохчийн ширачу бӀаьвнех бӀаьргтухуш, лаьмнийн аренийн хазаллех марзо оьцуш, садаӀа.

Маршрут дӀаерзор ю дааран-маларийн тойца. Маршрутан йохалла 10 км ю, ткъа некъан чолхалла юккъерчу барамехь бен яц. Некъ барна лерина хан 4–5 сахьт ду.

Туристийн хенаш: 18 шарал лакхара.

Некъ бан вовшахкхета де а, меттиг а: чиллин (февраль) беттан 13-чу дийнахь, Ӏуьйранна 7 сахьт 00 минот яьлча, «Грозный-Сити» комплексана хьалха.

Некъ бечарна кхача а, транспорт а Министерствос вовшахтухуш ю.

Некъ барехь дакъалаца луучарна шайх болу хаам (фамили, цӀе, ден цӀе, вина хан, карарчу хенахь Ӏаш волу меттиган адрес, телефонан номер) хӀокху телефона тӀе дӀатаса: +7(922)007-51-60.

№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: