Кадыров Рамзан: «Делан гIоьнца эшор ду вай коронавирусан ун»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгалла а деш, COVID-19 уьнца къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан кхеташо дIаяьхьира.

Р.Кадыровс дийцарехь, Кадечу штабо шарахь бинчу белхан жамIаша гойту коронавирусан уьнна профилактика ярехь Нохчийн Республикехь дика кхиамаш баьхна хилар.

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Кадечу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада ша йинчу докладехь хаийтира карарчу хенахь коронавирусан ун хьакхаделла, стационаран дарба деш 157 стаг хилар.

ДIадаханчу шеран гIуран (декабрь) беттан юьххьехь церан барам 1 243 бара. Уьш берриге а оцу уьнах тобелла.

«Медицинин учрежденешна оьшшучу гIирсашца шен хеннахь кхачояр а, лоьрашна шайн болх хууш хилар а бахьанехь, пандемин муьрехь вайн гIо дан аьтто хилира COVID-19 ун хьакхаделлачу 23 274 стагана. Бакъ а долуш, оцу декъехь вай дина гIуллакхаш кхечу дуккха а регионашкахьчул дукхазза а эвсаре хилира», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ВКонтакте йолчу шен агIонехь.

Цо дийцарехь, Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин магораш а, коронавирусах бахархой цомгаш хилар лахделла догIуш хилар а тидаме а эцна, регионехь пандемица доьзна юкъадалийна долу доза тохарш малдира.

Республикехь болх бан йолаелира, коронавирусан ун даржарца доьзна дIадаханчу шеран бекарг (март) баттахь дIакъевлина хилла йолу кинотеатраш, ловзаран чоьнаш, бассейнаш, саунаш, цхьамогIа кхийолу юкъараллин меттигаш.

«Иштта, пандемин хьалхарчу деношкахь дуьйна, бахархошна доккха гIонакъосталла дира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо. Хала бохкучу, гIо оьшучу доьзалшна 1 миллиард 111 миллион сом сов ахчанца гIо-накъосталла дира. Нохчийн Республикин а, кхечу регионийн а бахархошна дIасабийкъира 2 миллион 600 эзар сов кхачанан сурсатийн тIоьрмиг. Цул сов, фондо механа безачу гIирсашца кхачойира иттанаш медицинин учрежденешна. Оцо а гIо дира бIеннаш адамийн дахар кIелхьарадаккха», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Карарчу хенахь республикехь коронавирусан уьнна дуьхьал прививка йинарг 4 эзар сов стаг ву. Уьш яро хьовзам бина цхьа а меттиг яц.

«Герггарчу деношкахь Нохчийн Республике йохьур ю вакцинин кхин а 15 эзар доза. Ас Нохчийн Республикин бахархошка кхайкхам бо вакцинаци яран гIуллакхца мелла а жоьпалле хилар доьхуш. Цунах боьзна бу пандемина тIехь вай, цхьа а шеко йоцуш, боккхур болу толам. Везачу Делан гIоьнца вай эшор ду и ун», – дерзийна шен къамел Кадыров Рамзана.

I.МУРТАЗОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: